ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Магасехь митингехь хилла аьлла, бехкевина Чахкиев Ахьмад лаьцна вуьтуш ву


Магасера митинг

Нальчик гIалин кхело сацамбина, Магасехь хиллачу митингехь дакъалаьцна Чахкиев Ахьмад чохь вита. Полисхоша де хьалха лаьцна Чахкиев изоляторчохь ву.

Маршо Радионо яздира шен агIонашкахь, дахначу еаридийнахь гIалгIайн кхаа эвларчу нехан хIусамех хьийсарх. Ши вахархо лецира хIетахь – Чахкиев Ахьмад а, Дугиев Ахьмад а. КхоалгIаниг лоьхуш ву.

Оццу дийнахь кхин а виъ лецира, амма тIаьхьо дIахецна хиллера. Чахкиев бехкево, стохка Магасехь хиллачу митингехь Iедалан векална дуьхьал ницкъбаьккхина аьлла.

Магасан митинг бахьана долуш республикехь верриг а лаьцнарг ву 42 стаг. Стохка Заздоккху-баттахь Магасехь, Нохчийоьно а, ГIалгIайчоьно а дозанаш хийцича резабоцчу меттигерчу бахархоша протест кхайкхийра. ХIетахь республикан урхалхо хиллачу Евкуров Юнус-Бекна дарж охьадиллар тIедожийра цара. ШолгIачу дийне яьллачу митингехь тасадаларш хилира протестхошна а, полисхошна а юкъахь.

XS
SM
MD
LG