ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Яхначу буса Оьрсийчохь кхин а 6 стагна коронавирус кхетта


Коронавирусан ун даьлла Оьрсийчохь кхин а 6 вахархочунна аьлла, хааме даьккхина ТАСС агенталло. Вирус кхетта пхиъ Москвара ву, цхьаъ – Нижний Новгородера. ТIаьххьарчу шина кIиранчохь Итали бахна Iийна, цигара еана ю цамгар.

Оперативан штабехь ишта хаамбина, коронавирус къаьстинчийн могушалла цхьана кеппара ю, чолхечу хьолехь бац дархой аьлла. Цомгушхиллачийн контакт мел хилларш а лоьраша толлуш бу.

XS
SM
MD
LG