ГIажарийчоьнан Меджлисан депутат Рахбар Фатеме кхелхина, коронавирусо тоьхначу лазарх хаамбо ТАСС агенталло, IRNA агенталлан хаамаш тIехь. Тегеранерчу дарбан цIийнехь елла парламентхо.
Китайрчу Ухань гIалахь дуьххьара гучуьялла керла коронавирус стохка ГIуран-бутт бовш. Карарчу заманчхь дуьне ма-дду яьржина цуьнан эпидеми.
ТIаьххьарчу хаамашца, ГIажарийчохь 4,7 эзар стагах хьакхаелла коронавирус. Велла цуьнан унах 124 вахархо.