Кхаа шарера ворхI шаре девллачу берашна ахча дIакхачоран барамех лаьцна дийцина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира, стохка дала дезаш хилларг кху шарахь ахчанаш хIитточу хенахь лорур дац аьлла, дIа а хьедеш. ПIераскандийнахь Ивановск кIоштарчу юкъаралхойн векалшца шен хиллачу цхьанакхетарехь бина цунах лаьцна хаам президенто.
"Новости" агенталло яздарехь, цхьанакхетарехь Путине хаттар деллера: 3 шарера 7 шаре кхаччалц долчу хIора берана кхачор ду и ахча, я доьзалера цхьана берана бен хир долуш дац аьлла.
"Нагахь санна, ворхI шо кхачанза хьан чохь ши бер делахь, цу шинне а кхачадо", - аьлла, жоп делла Путина.
Демографи лакхаяккхарх дийцира оьрсийн президенто Дечкен-баттахь Федералан гуламе ша дечу рогIерчу дIахьедарехь.