ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь ненера бакъонаш дIаяьхна кхелахоша


44 шо долчу Ибаев Руслана шен хиллачу хIусамнене Тухаева Жанете кховдийна иск листина Соьлжа-гIаларчу Ленинск кIоштан кхело дахначу пIераскандийнахь. 2010-чу шарерчу кIентан Абубакаран а, 2017-чу шарерчу СаьIидан а Iер-дахар деца а хуьлуьйтуш, ненан бакъонашкахь доза а тухуш, бераш кхечу пачхьалкхе дIадигийта цо дуьхьалояр дIа а доккхуш, цуьнан алапан кхоалгIа дакъа алименташна дIа а долуьйтуш, сацамбина кхелахоша. Цул совнах, нана декхарейина, шен берех лаьцна язден Инстаграмера аккаунт дIаяккха а.

Кхелахойн хьесапна дуьхьал ю зуда. Масийттазза Ибаевс лачкъийна дIавуьгура ши кIант, шолгIачу кIентан 6 бутт кхаьчхьана цуьнца бала хилла а бац цуьнан бохуш, чIагIдо Тухаевс. Ткъа воккхахволу кIант гина вац нанна 2014-чу шарера схьа дуьйна.

"Дукха хан ю со, 2017-чу шарахь Москварчу кхелахоша бинчу сацамна тIехь, сайн бераш сайца дитахьара бохуш, дехарш деш лела. Цундела сайн баланех лаьцна Инстаграмехь яздора ас, гIо доьхуш. Блогехула лехна сайн кIант Гуьржийчохь карийра суна. ТIаккха суна бекхам бан араваьлла Ибаев. Соьгара алименташ дахар иск юкъа яздаро, аьтто баьккхина цуьнан Нохчийчуьрчу кхелахошка вала. Ткъа цигахь, хууш ма хиллара, иштачу меттигехь, суьдхой дегахьа хуьлу", - аьлла Тухаевас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG