ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров: "Сан бала бац Iамеркан конгрессменаша а, Госдепо яздечуьнца..."


Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Гергарчу Малхбалехь жигарахьийзар шаьш тергонехь латтош ду аьлла, дIахьедина Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаменто. Кадыровс шен социалан машанарчу аккаунтехь комментари йитина цунах лаьцна.

"Кхечу пачхьалкхашкахь лелочу "сан бизнесна а, банкашкарчу ахчанашна а", Цхьанатоьхначу Iарбойн Эмираташца Нохчийчоьнан вежараллин юкъаметтигашна а чIогIа сагатдо Iамеркан Госдепо а, конгрессхоша Малиновски Тома а, Уилсон Джос а. Пачхьалкхан департаменте оцу хьокъехь кехат дахьийтина когрессменаша.

"Департаменто кхин дIа а информаци гулйийр ю, Кадыровс Оьрсийчоьнал арахьа лелочу гIуллакхех" аьлла, жоп ду дахьийтина. Госдепе ца ладелла, Iарбойн Эмираташа а, шейхан Халифан цIарахчу фондо а нохчийн бизнесхошна гIо а деш, инвестпроекташна финанасаш латторна. Сан бала бац конгрессменаша яздечуьнца а, Госдепо царна лучу жоьпаца а. Сан сайн пачхьалкх ю, сайн президент а ву, сайн Федералан Гулам а бу.

Сан цкъа а ца хилла я Оьрсийчохь а, я цул арахьа бизнес а, я кхечу пачхьалкхийн банкашкахь охьадехкина ахчанаш а. Сан хан яц уьш лелон. Со сайн къомаца цхьана терроризмна дуьхьал къийсам латтош, Нохчийчоь юхаметта а хIоттош, эзарнашкахь сайн къоман проблемаш кхочушъеш хьийза.

БIеннашкахь кегийрхошна гIо до Халифан цIарахчу фондо, шайн гIуллакх дIадоло, белхан меттигаш нисбеш. Iарбойн Эмиратийн гIоьнца Соьлжа-гIалахь хьалаеш ю дуьненаюкъара университет. Госдепо сагатдечу сайн къоман дуьхьа деш ду и дерриг а.

Сан говраша болх латтийна тренершна а, жокейшна а, ткъа гонорарех говрашна юург а латтош, белхалошна алапа латтийна ас. Ах бохург санна говраш дIайоьхкина ас, цхьаерш совгIатна дIасаелла. Цунах сайна хилла пайда ас деклараци тIехь билгалбаьккхина, хаа луучунна.

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкахьчул а 100-зза дикахон Iалашъеш ю Нохчийчохь адамийн бакъонаш. Ткъа уьш, дийнахь а, буса а буьйшуш бац, ойланаш еш: хIун дина машар бохор бара-те, нах муха меттахбохур бара-те, къепе а йохийна бохуш. ПаргIат хила, шуьнчух гIуллакх хир дац!", - аьлла, яздина Кадыровс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG