ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь заьIапхошца дискриминаци лелочарна гIуданаш деттар ду


Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Думехь кхоалгIачу, тIаьххьарчу йоьшийлехь низам тIеэцна, инвалидашца дискриминаци лелийначунна тIе жоьпалла дожош. Дуьйцург ду, туьканахь, я кафехь оцу нахана ечу гIелонех а, эшамех а. Низамашкахь бан леринчу хийцамех дуьйцуш, парламентан спикеро Володин Вячеслава билгалдаьккхина, магийта мегар дац, гIудалкхчохь волу стаг, я могушаллица эшам болчу бераца чудогIу да, нана хадархочунна ца тайнера, я ресторанан имиджца догIуш дацара аьлла, къахкор.

Хааминй гIирсашкахь яздарехь, Роспотребнадзоре шарахь 20 гергга арз кхочу оцу бахьанашца гIело лайначу нахера. ТIейогIучу заманчохь заьIапхошна дискриминаци лелийначунна гIуда кхачор ду 30 эзарна тIера 50 эзар соьме кхаччалц даржехь волчунна, 300 эзарна тIера 500 эзаре кхаччалц ресторанан, я туьканан администрацина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG