ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Позицеш хийцинчу "Зенитна" бехкаш дехкина фанаташа (+видео)


Питерерчу "Зенитан" фанатийн «Ландскрона» клубо дIахьедар дина, Соьлжа-гIаларчу стадионехь "Ахматца" ловзучу хенахь иккхинчу конфликтех лаьцна. Организацин официалан сайтехь зорбане диллина дIахьедар. "Зенита" толам боккхуш йирзира матч: 2:1 чоьтаца.

Масех минотна юкъахдаккха дийзира ловзар, "Зенитан" фанаташа тIехулара кучамаш дIаяьхча, меттигера фанаташ хьешийн секторехьа дIагIоьртича. Соьлжа-гIаларчу клубан директоро Айдамиров Ахьмада а тIечIагIдира, бухара публика эргIадъяхарх "Зенитан" агIончаша кучамаш дIаяьхча.

Питерерчу тобан директоро Медведев Александра "нохчийн гIиллакхашкахь дац дегI оьхьуш" аьлла, кхайкхамбира "шаьш тIедиссинчу къоман гIиллакхаш хаа а, лара а деза" аьлла, тIе а тухуш.

"Баркалла массарна а, ситуацех лаьцна хиттинчарна а, тхоьгахьа хиллачарна а. Бакъду, олийла дац ишта, "мачаш хийцар" гIоле хеттачу клубах", - аьлла, яздина ду «Ландскрона» организацин сайтехь.

Фанатийн "мачаш хийцар" бохург ду, "Зенитан" куьйгалло позицеш хийцар. ХIинццалц схьа цкъа а хьахийна дацара цара, фанаташа кхечу командийн ламасташ лара деза аьлла, яздина фанаташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG