ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Магасехь хиллачу митинган кхин цхьа декъашхо а лаьцна


Стохка Заздоккху-баттахь хIоттийначу митингехь ницкъахошна дуьхьал куьйгайдина аьлла, бехкевина, лехамашка велла хилла Наьсаран кIоштан вахархо Дзауров Заурбек лаьцна полисхоша. Талламан изолятор чохь ву иза, хаамбина цуьнан адвокато.

Маршо Радионо яздира, Iедалхойн векалшна дуьхьал ницкъбаьккхина аьллачу артиклехь диллина гIуллакх толлучу гурашкахь кху баттан 5-чохь кхаа эвлахь: Наьсарахь а, ТIой-Юьртахь а, Сурхо-хитIехь а талламаш дIабаьхьна аьлла. Лаьцнера цу дийнахь Чахкиев Ахьмад а, Дугиев Ахьмад а. КхоалгIа лоьхуш хилларг цIахь ца карийна, иза лаца кхайкхийна.

2018-чу шарахь юьйлаеллера протестхойн акцеш, Нохчийчоьно а, ГIалгIайчоьно а административан дозанаш хьуйцуш барт бича.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG