ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шина нохчочунна коронавирус кхетта Францехь


Франци, гайтаман сурт

Францин шина кIоштахь коронавирус кхетта шина нохчочунна. Болчу хаамца, Страсбургехь веха нохчийн жима стаг хIинцале а товелла. Иза аравалийтина дарбан хIусамера.

Короновирусах ун даьлла шолгIа нохчо ву Лион гIалахь вехаш. Карарчу хенахь цунна дарба деш бу лоьраш меттигерчу клиникехь. Цомгуш хилла ши жима стаг дIасаваьлла ца хилла Францера.

Оршотан дийнахь, Зазадоккху-беттан 9-хь, бинчу хаамца, 67 эзар сов нохчо вехачу Францехь коронавирусах ун даьлла ву 11000 сов вахархо. Царах 19 велла.

2020 шеран Дечкен-баттахь дуьйна кху денентIехь коронавирусан ун кхетта ву 105 000 стаг. 3600 сов стаг велла. Царах дукхахаберш бу Китайн а, Къилба Корейн а, Италин а, ГIажарийчоьнан а бахархой.

XS
SM
MD
LG