ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мидал елла Кадыров Рамзанан йоIанна


Кадырова Iайшат
Кадырова Iайшат

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан йоIанна Iайшатан мидал елла "Нохчийн Республикана хьалха хьуьнарш гайтарна". И совгIат цунна Зазадоккху-беттан 8-хь дIаделла Кадыровн администрацин куьйгалхочо Закриев ИбраьхIима.

Болчу хаамца, Закриев ИбраьхIим Кадыровн йишин кIант ву. Iайшат ю республикан куьйгалхочун йоккха йолу йоI.

Ши кIира хьалха Firdaws модан цIийно "Безаман истори" цIе йолу Кадырова Iайшатан коллекци гайтира Парижехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG