ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сом дайлуш ду: доллар – 75 сом, евро – 85 сом


Оьрсийчоьнан сом дайделла дуьненаюкъарчу валютан рынкашкахь, Оьрсийчоьнан а, ОПЕК олучу мехкадаьтта духкучу пачхьалкхийн кхеташонан а дийцарш кхиам боцуш дIадирзинчул тIаьхьа мехкадаьттан мехаш охьадовларна.

Зазадоккху-беттан 9-хь Москван хенаца 11.30 сахьт даьлча долларх лора 74,8 сом. Еврон мах бара 85,4 сом.

Дуьйцург ду Оьрсийчоьнан сом 10 процентана гергга дайделла бохург. Оьрсийчоьнан коьртачу банко хIоттийначу курсца долларан мах бара - 67,5 сом, еврон - 75,8 сом.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG