ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Донбассехь «Боинг» дохор листа долийна Гаагерчу кхело, амма бехкебечех цкъачунна цхьа а вац цигахь


Гаагерчу кхелехь хила везачу веаннах цхьа а ца вахана «Малайзин авиалинеш» компанин кема дохорах жоп дала. Иза хаитинарг ву йолалучу кхелан хьалханча Стейнхаус Хендрик.

Кхелан чоьнашкара, синхронехь гочдар а кечдеш, репортаж йина «Карара хан» телеканало.

2014-чу шарахь, аьхка, Мангал-беттан 17-чу дийнахь, 298 стаг а вуьйш, «Боинг» дохорах болу бехк тIебаьхьина Оьрсийчуьрчу кхаанна а, Украинерчу цхьанна а: Гиркин Игорна (Стрелков), Дубинский Сергейна (Хмурый), Пулатов Олегна (Гюрза), Харченко Леонидна (Крот). Уьш массо а бу Оьрсийчоьно тIекарло латточу Донбассерчу сепаратисташна гIодина.

Вуьйцучу веаннах кхелехь хир а волуш, оцу процессехь дакъалаца валийна ву цхьаъ – Пулатов. Цуьнан агIолоцуш ву Нидерландера ши адвокат а, Оьрсийчуьра юрист Кутина Елена а (амма оцу тIаьххьарчун бакъо яц кхелехь йистхила). И хьал довзийтина кхело ша.

Бехкебечу нахах кхоъ ца веана кхеле, бац цигахь я церан адвокаташ а. Кхелахочо дийцира, и нах жоп дала Гааге кхойкхуш, шен хьукмато бинчу балхах лаьцна. Поштехула а, социалан машанашкахула а цаьрга кехаташ хьийсийна кхело, тIекхойкхуш, амма уьш я дуьхьалбевлла Гааге бахка, я жоп ца луш бисина.

Твиттерера

Konstantin v. Eggert@kvoneggert

Судья в Гааге по делу #MH17 рассказывает: следователи дозвонились Дубинскому. Они узнали его голос. Но голос сказал, что он - не Дубинский, а затем уже не брал трубку. Позже, Дубинский по Вотсаппу написал в @guardian, что ничего не признаёт и участвовать не будет. #MH17process

Konstantin v. Eggert@kvoneggert

Судья в Гааге по делу #MH17 сообщает, что Гиркин всё же сообщил им, что никуда не поедет и юрисдикцию суда не признаёт. #MH17process

Доцца аьлча, бехкебен нах чохь а боцуш, йолаеш ю кхел. Иза хаийтинчул тIаьхьа, прокуроро бовзийта болийна тIехьош болу бехк.

Дуьненаюкъарчу талламчийн тобано зийна «Боинг» чудожарах йолу факташ, битамаш, билгалонаш. Цо бинчу сацамо бахарехь, Оьрсийчуьрчу тIеман декъера Донбассе кхачийначу «Бук» системица тоьхначу ракето дохийна Нидерландера Малайзе доьдуш хилла пассажирийн кема. Бохам хуьлучу хенахь сепаратистийн ницкъийн буьйранча лаьттина Стрелков. Цуьнан гIовс хилла иччархойх жоп луш волу Дубинский. Билггал Дубинскийс кхайкхина зулам динчу метте «Бук». Ткъа ракетийн система Донбассе дIакхачийнарш бу Пулатов а, Харченко а, боху талламо.

Журналистийн аьтто баьлла бехкевен кхоъ хенан йохалла къамеле ваккха – Стрелков, Дубинский, Пулатов, амма цара дацаредо шаьш зуламан декъахь хилар. Оьрсийчоьнан Iедало а ца эцна Нидерландино шена тIебаьхьина бехк тIе. Ткъа Нидерландино а, Австралино а жоьпалла диллина Кремлна тIе.

  • Кхел йоьду Ниделандехь, бохамехь белларш доккхачу декъанна цигара хиларца доьзна. Беллачийн гергарнаш баьхкинера кхел схьайоьллучу кхеташоне ладогIа. Беллачу нехан 80 сов гергараниг ву кхеле ахчанца компенсаци еха дагахь, 50 стаг ву къамелдан лерина.
  • Гаагин гIалин кхелехь луьстуш ду дов. ЛадегIаршкахь хила луучунна йиллина ю кхелан неIарш. Голландин а, ингалсан а меттанашкахь ду кхелехь ден къамелаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG