ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Хьама баккхарх, бIаьрг лацарх, холмачаллех". ХIунда яьржина Дагестанехь хьиджама?


Артикл язйинарг "Кавказ.Реалиин" автор Амирбекова ПатIимат

"Оцу сохьта гIоле хилира суна. Нагахь санна, ахь хьиджама йойтий, хьуна а товр ю и. ТIаккха со санна хIора ши кIира мел дели и яйта оьхур ю хьо". ХIунда яьржина Дагестанехь хьиджама?

Хьама баккхарх, бIаьрг лацарх

Исламан медицинан говзанчас Мухьаммад-Хьаьжа Iабдурахьамана дийцарехь, хьиджама ечара 300-350 миллилитр цIий доккху. Иза тешна ву, хьиджамано дегIан а, синан а лазаршна дарба деш хиларх

"Иммунитет хьалайоккху хьиджамас, гармонийн фон а дIанисйо. Шерашкахь бер ца хуьлуш лела дуккха а нах оьху тхуна тIе, кIеззиг меттигаш бац дарба хилла. Процедура йолочу хенахь пациенташа Деле гIо доьху шайна. Хьама баьккхарх, бIаьрг лацарх, холмачаллех цIанво цIий хецарца. Стеган сица лаьтта лазарш – кхерам, шеконаш, цатешам – и дерриге а хьоьха долчуьра дIадаккха йиш ю хьиджамаца", - тешна ву Мухьаммад-Хьаьжа.

Делахь а боху цо, "дарба ца хуьлуш меттигаш а нисло": "ХIораннан организм кеп-кепара ма ю. Нагахь санна, массарна а цунах дарба хуьлуш хилча-м, берш цуьнга боьрзур ма барий".

Хьиджамас гIо ца деш а нисло

Махачкалахь 500 меттиг ю хьиджама еш. Бакъду, санитаран хьелаш массанхьа а лардеш дац цигахь, я хьалхара оьшу медицинан гIо а массанхьа кхачон ца хаьа.

"Нагахь санна, вон хилла, и стаг охьавожахь, хьиджама ян тIелаьцначунна хууш хила деза, оцу мIаьргонехь дан дезарг. Цхьаболчара дуккха а банкаш югIу – 15, 20 цхьана меттехь. ТIаккха дархочун цIийн таIам совболу, юха иза меттавалон а хаа деза", - кхетаво Мухьаммад-Хьаьжас.

"Диабет бахьанехь когаца чевнаш йолчу нахана хьиджама еш вара со цкъа. Халла меттабалийра ас уьш. Белла нах а бу бохуш хезна суна-м. Доьзалхочух йолчу цхьана зудчунна Кизилюртахь кIорггера киртигаш йина хиллера, цу тIе сов банкаш хIиттош. ЦIийн таIам лах а белла, и зуда елла хиллера", - бохуш, дуьйцу исламан медицинан лоьро.

Мухьаммад-Хьаьжа Iабдурахьаман
Мухьаммад-Хьаьжа Iабдурахьаман

Республикехь Iаламат гоьяьлла и процедура, я ечара гуттар а Мухьаммад Пайхамаран суннехь а ца йо иза, говзанчаш-боьрша нах Iаламат кIезиг бу.

"Исламан динца хьиджама сайн гергарчарна бен ян магош дац суна. Хьиджама ечу нахалахь кIезиг бу божарий. ХIаъ, бусулба динехь магош дац хийрачу зудчух хьакхавала. Ткъа медицинан агIор аьлча, мегаш ду. Бусулба динехь боцу цхьаберш реза хуьлу шайна яйта", - боху гирудотерапевто, хьиджаман говзанчас Курбанова Фаинас.

Махачкаларчу исламан медицинан Центрехь зударшна а, божаршна а лерина, билгалъяьхна шайн-шайн чоьнаш ю.

ХIун дуьйцу пациенташа

Хьалимат:

- Стохка яхара со цIий даккхийта. 700 сом бара мах. Доьзалхо ца хьулуш яра со, дуккхаъчара шайний-шайний гIо хилира баьхча, резахилира со цунна. Гай тIе а, гIодаюкъ тIе а ворхI банка юьйгIира суна. Суна гIо ца хилира.

Арслан:

- Даим а корта лозуш, бала хьоьгура ас. Со ца воьдуш меттиг а ца бисинера, амма гIо ца хуьулура суна. Хьиджама яйта аьлла, цхьаммо хьийхира суна. Юьхьанца со а ца тешара, эххар а сайн гIад дайча вахара со. Шу тешар дац, дика гIоле хилира суна, сайн дахарехь иштачу дикачу хьолехь цкъа а хилла вацара со.

Мохьмад:

- Сан белхан накъосташа хьехнера суна... Цхьа система ю цигахь: охьа а вуьллий, тIехулара коч дIа а йоккхий, банканаш хIиттайо, цIий схьаозийта. Иттех минотехь Iиллира со. Лаза ца вира со, Iийжавора. Процедура йирзича банкаш юхаелира соьга, ас кхисина дIаяхийтира уьш. Кхин дIоггара гIоле ца хитира суна. Балха тIехь болчара, цкъа вахча тоаме дац бехира. Соьга хаьттича, дош доцург ду-кх. Цундела кхин гIур вац со.

Iилманан маттаца

Инфекцийн лоьро Алиев Iабдулхалика дуьйцу, хиджама ечу хIусамашкахь санитаран хьелаш лардеш доцу меттигаш гина шена бохуш.

"Оцу пациентна ян мегаш а делахь, стерилизаци лар а еш, болх беш белахь, хьиджама йича дарба хуьлу. Дуккхаъчара ца ларйо цIоналла. Цхьанна хIиттийна банканаш юх-юха а лелайо. ТIаккха инфекцеш яржайо: гепатит В а, С а, ВИЧ а цхьана", - боху Алиевс.

Республикерчу клиникан дарбан цIийнан лор-гематолог Гусейнов Гаджи дуьхьал ву хьиджама ярна: "Шайг-шайгара лелочу дарбанашна реза вац со, цкъа делахь. ШолгIа: стенна еш ю хьиджама? Нагахь санна, оцу стеган гемоглобин лакхара елахь, эритроциташ лахъян гIерташ вай делахь, цIий даккхаро зен дийр ду. ХIунда аьлча, кIезиг цIий ду хоьцург, суна хетарехь, ткъа цо даьIахкан тIумна ницкъбо, гемоглобин а кхи тIе а совйолу. Ткъа оцу ситуацехь медицинан гIирсашца 550 миллилитров цIий хеца деза цкъа. Iилманехь тIе а чIагIдина, цу кепарчу цамгаршна дарбадан магийна ду ишта".

Роспотребнадзорехь хаамбира, ишта процедура йинчул тIаьхьа цхьангара а аьрзнаш кхаьчна дац, нагахь кхачахь а, санэпидемстанцино къастор ду аьлла.

Дагестанерчу могушаллин министраллан, церан пресс-гIуллакххоша хаамбарехь, цхьа а зIе яц шаьш шайгара дарбанаш лелочу говзанчашца. Цундела церан балхана тIехь контрол а яц цара латтош. "Лицензеш ца ло, статистика а ца йо, тхан компетенцехь дац и. Могушаллин министраллан бакъо яц доларчу клиникашкахь талламаш бан, тхайна чуйогIучу дарбанан хIусамийн бен терго ян бакъо яц тхоьгахь", - аьлла, дIахьедина урхаллехь.

Физиотерапевто, гирудотерапин говзанчас Адамова Марьяма бахарехь, кхераме а дац, лоьрашчул а дика дарба а до аьлла. хеташ боьлху нах хьиджама яйта.

"Гирудотерапи а, хьиджама а цхьаъ ду ала тарло. Официалан медицинана юкъайогIуш ю гирудотерапи, дарбан молханийн реестрехь ду цIубдарш а. Хьиджамехь а санна, цIийдаккхар ду иза а. Ткъа кхузахь, цIубдаро кхин тIе а, 20 тIера 160 тIекхаччалц ферменташ чутуху, хIораммо а дарба а деш. ТIаьххьарчу заманчохь дуккха а нах бовьлла молханаш ца моьлуш, дарбадан лууш. Амма кхеташ хила деза, хьиджама – панацея яц", - аьлла Адамовас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG