ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIорийна котаман жижиг республике чудар дихкина Нохчийчохь


ГIорийна котаман жижиг Нохчийчу дар дихкина республикан Iедалша. Цуьнан Iалашо ю, боху цара котамаш кхиош болчу меттигерчу совдегаршна гIо дар. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан меттигерчу урхаллан белхахоша Нохчийчоьнан дозанехь юхаерзайо арара котаман жижиг дохьуш йогIу машенаш, хаам бо "Коммерсанто".

И бахьана долуш цу тайпачу жижигца кхачо ярца халонаш ловш ю Соьлж-ГIалахь цхьаъ бен йоцу "Лента" гипермаркет.

Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн урхалло кхеторехь, котаман жижиг чу дар дехкарх лаьцна хьехар динарг ю республикера Россельходзор урхалла.

Кавказ.Реалиино яздарехь, билггал кхеташ дац буьйцурш муьлха совдегарш бу – республикера Хьалха-МартантIера котамийн фабрика долахь ю Нохчийчуьрчу Iедалан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG