Чехера ерриг школаш дIакъовла сацам бина Iедалша кхаарин дийнахь, Зазадоккху-беттан 11-хь дуьйна. Цунах лаьцна хаам бина премьер-министро Бабиш Андрейс. Цо дийцарехь, и сацам боьзна бу Iедалш коронавирусан ун дарджар сацо гIертарца.
Чехин университеташ цкъачунна дIакъовлур яц. Бабиша дийцарехь, шинарин сарахь дуьйна доьхкуш ду 100 сов стага дакъалоцу тайп-тайпана юкъараллин мероприятеш дIаяхьар.
Таханлерчу денна Чехехь 40 стаг ву коронавирус кхетта.
Закаев ву нохчийн 1едал, и д1авуьг1аш берш оьрси 1едал ду
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?