ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирус тIехь хайп: Итале боьлхучуьра юхабирзина туристаш Дагестане кхуьйкхуш бу


Махачкалара хIордан йист
Махачкалара хIордан йист


Материалан автор - "Кавказ.Реалиин" корреспондент Омарова Саида

Коронавирусна тIехула иккхина IалагIожа йоллушехь Дагестанера туризман министралла хIуммаъ а дог таьIна яц. Кху деношкахь урхаллан векалша дIахьедира, Италехь вирус яржар бахьана долуш, туристаш чубахка ларбеш ду шаьш аьлла.

Туризман министраллерчу туристийн рекреационан комплекс кхиочу урхаллан хьаькамна Халимбекова Муслиматна хетарехь, регионера инфраструктура Италехь санна хьоле яцахь а, "тоелла йогIу".

"Марти-тревел" турфирман долахочунна Мартиросова Янина хетарехь, Дагестанехь туризм кхиаран бахьана дара – 2015-чу шарахь соьман мах охьабожар.

"Оццу шарахь Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш яха буьйлабелира, тIаккха патриотизме болу нах чохь севцира. Европана оьгIаздахна шаьш бохуш, хьеший нисбеллера со йолчахь. Нагахь санна, хIинца а сингаттам бахьана долуш дуккха а туристаш чубогIур болуш хилча, хIун дер, хилийта ишта. Амма со цецюьйлу туризман министралло динчу дIахьедарх. Чуоьху туристаш муха, мичахь дIанисбан бохку уьш?!", - ца кхета Мартиросова.

Оццул туристаш Дагестане чуттатталахь а, цхьанхьа хан яккха еза цара. Махачкалахь отелашца долу гIуллакх битаме делахь, хIун дийр ду Дербенто? 15-х хьешан цIа бен дац цигахь.

"Таиландехь я Туркойчохь нах садаIа марзбеллехь, цигахь лийчарца а, хийистехь а доллу хьелаш хIиттон таро юй Дагестанан? Яц дера. Регион кийча яц пляжан туризм схьаелла", - аьлла, дерзийра шен къамел Мартиросовас.

Нохчийчу а, Дагестане а, ГIалгIайчу а тураш йиллинчу "Кавказ Эксплорер" турфирман куьйгалхочо Севриновский Владимира шеконашка дуьллу, вирус бахьана долуш Итали боьлхучуьра юхабирзина нах Дагестане гIуртур бу бохург.

Коронавирус ца хилча а, Дагестанехь дукха дика кхуьуш ю боху цо туризм. "Цу бахьанах пайда а эцна, республикера садоIийлаш тоян дагахь мехкан Iедалхой белахь, масала, нехийн баьрзнаш а, хIорд чу кхийсина нехаш а дIа а йохуш. Коронавирусал а кхераме ю ситуаци туристашна. Цу кепарчу хайпна со дукха чIогIа реза ву-кх", - боху Севриновскийс.

Кавказ мел ю джип-тураш вовшахтухучу Салманов Камална хетарехь, республикера билггал долу хьал ца девзачух тера ду туризман министраллан хьаькамашна.

"Коронавирус бахьана долуш туристаш пачхьалкх чохь совца дагахь хилча, мичара даьлла царна, туристаша Дагестан къастор ю бохург? Республика кийча юй оццул нах тIелаца? Стигалкъекъа-беттан дезачу деношна меттигаш дIалаьцна Гунибехь мукъа меттиг бан а бац. Оцо а гойту, хьаькамаш гена бу махкахь долчу бакъдолчунна", - аьлла Салмановс.

XS
SM
MD
LG