Нохчийчуьра вахархо Мурадов Алихан лаьцна немцойн полицино Германин дозанехь. Иза дIавала мегаш ву Оьрсийчоьнан федералан кхерамазаллин сервисе (ФСБ), яздо Кавказ.Реалиино, цуьнан вешина тIе а тевжаш.
Мурадовн доьзалан векло бинчу хаамца, иза лоьхуш хилла Интерполо, Ярославан коштIарчу ФСБ-н урхаллан хьаькамо Куманяев Александара долийначу бехктакхаман гIуллакхехула. Нохчо бехке веш ву 60 эзар евро барамехь курхалла лелорна.
2019-чу шарахь шен ваша вехачу Бельге а веана, Мурадовс политикан тховкIело ехна хилла цу мехкан Iедалшка.
Германин дозанехь иза нисвелла Францера шен накъосто хьошалгIа кхайкхинчура цIавогIуш. Цо а, цуьнан белхан накъосто а чIагIдарехь, церан компанино Оьрсийчохь эцна лаьттан дакъош дезаделла хилла ФСБ-н меттигерчу урхаллан хьаькамна. И бахьанехь Iаткъам ловш хилла нохчо ницкъаллин структурийн белхахошкара.
Болчу хаамца, карарчу хенахь Мурадов латтош ву таллламан изоляторехь.