Шемарчу "Аль-Холь" лагерера кIелхьаръяьккхина 2 зуда а, 4 бер а далош кема охьахиъна Соьлж-ГIаларчу аэропортехь. Нохчийчуьра бакъонашларъярхочо Саратова Хедас дийцарехь, маситта шо дара уьш цIаберзорца боьзна болх дIахьо.
Цо бинчу хаамца, кIелхьардаьхна бераш ду 11, 10, 8, 3 шераш долуш. Уьш цIадалийна шайн ненаца Янгулбаева Миланица цхьаьна.