ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровна хетарг хиъча, шен ойла хийцина депутато Саралиевс


Саралиев Шамсаил
Саралиев Шамсаил

Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутато Саралиев Шамсаила шен пост дIаяьккхина Инстаграмера, махкахь Iедал хийцалуш хила дезар чIагIдеш ша хIоттийна йолу, хаам бо Кавказ.Реалиино.

"Буьззинчу барамехь Владимир Владимировича бохучун реза ву со, махкара хьал цхьана эшшара латтар коьрта хила дезаш хиларна, амма тахана хьалхарчу метте дала деза Iедал хийцалуш хиларан аьтто хилар", - яздинера Саралиевс шен постан хаьлхарчу вариантехь.

Депутата шен текст хийцира масех сахьт далале, шена телеграм-каналехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Путинан юха а харжамашкахь дакъалаца аьтто хилар къобалдеш яздинарг гича.

Тайинчу текстехь Саралиевс дIадаьккхина ша язйинчун шолгIа дакъа. Ткъа хIинца цо дийцарехь, "мохк динамикан кепехь кхиийта" тоьаш ду "махкара хьал цхьана эшшара латтар".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG