ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Идлибера хьал хийца ца лахь вуно онда тохар дан кхерам тесна Эрдогана


Эрдоган Реджеп
Эрдоган Реджеп

Туркойчоьнан президенто Эрдоган Реджепа дIахьедар дина, шаьш кхин а онда тохар дийр хиларх лаьцна, нагахь Димашко Идлибехь герзаш деттар дац аьлла бина барт бохор саца ца дахь. Цунах лаьцна хаам бо туркойн NTV телеканало.

Шаьш вуно лерина тидам беш ду цигахь хуьлучунна, агахь цара шаьш делла дош лар ца дахь, оха тохар дийр ду хьалха динчул а чIогIа, аьлла Эрдогана.

Цо дийцарехь, Анкарано хIинцале а хаам бина Москвага Идлибехь барт бохош динчунах лаьцна, оьшург дар хьокъехь Оьрсийчоьне кхайкхам а беш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG