ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан лаккхарчу кхело бехке вина Гуьмсан кIоштахь вийна Дагестанера 8 стаг


Нохчийчоьнан Лаккхара кхел
Нохчийчоьнан Лаккхара кхел

Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхелан суьдхочо Тесаева Маккас полисхошна тIелатар дан гIортарна а, харцонца герз лелорна а бехке вина Гуьмсан кIоштахь вийна Дагестанера 8 вахархо. Цо иштта дIакъевлина уьш байарца доьзна бехктакхаман гIуллакх, яздо Кавказ.Реалиино.

Маршо Радионо маситтаза дийцина ма хиллара, 2016-чу шарахь Нохчийчохь Гуьмсан кIоштахь полицин леррина операци хилира, меттигерчу МВД-но динчу дIахьедарца, 8 тIемало а вуьйш.

ТIахьо хиира уьш Дагестанехь байна цу республикера бахархой хилар. Церан гергарчара чIагIдарехь, нах лечкъа а бина, герз диттина байинера, ткъа церан декъий дагийнера ницкъаллин структурийн белхахоша. Ткъа Нохчийчохь ца хиллера цхьа а леррина операци.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG