ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Исбаьхьа (хIан-хIа) Нохчийчоьнан оьмар


Делимханов Адаман йоI Хеда
Делимханов Адаман йоI Хеда

Дубай хуьлуш лаьтта Соьлжа-гIаланах. Дашон варкъ диллина, проспектерчу туьканашчуьра хӀуманаш гойту кораш, пафосе ресторанаш, модан хIусамаш, Эйфелан бIов, Путинан проспектера Уолл-стритца стунан миниатюра, Москвахь, Арбатехь санна къагийна урамаш, даккхий маьждигаш, хьалаеш йолу Европехь а уггар йоккха бIов.

Кадыровн резиденцина дуьххьал Къаабан жима копи ю момсаршца лаьтташ. Гуш ерг Дубай яцахь а, хIуммаъ а цул оьшуш яц.

Нохчийчохь чIогIа дукхаеза туркойн сериалаш. Пачхьалкхан Думан депутатан, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан уллорчу доттагIчун Делимханов Адаман йоIа - Делимханова Хедас шен ролик тIехь "Исбаьхьа оьмар" (Великолепный век) киночохь чохь санна, шайн бахаман хьолалла гойту.

Нохчийн орнаментехь тегначу кучаца йолаелла лела ша Хеда, хьиджабаш техкинчу мехкарша гор а оьхуш, маршалла хоьтту цуьнга.

"Дикачу цIийнах схьаяьлла султанша" ю ша боху ролик тIехь йолчу турпалхочо. Дезачу кIадех тегна ю шен кучамаш, еза брендаш лелайо ша боху зудчо. Улло бевллачу мехкарша шаьш хьалххе Iамийна текст дIайоьшу, Хеда язъеш.

Видео маса дIасаяьржира социалан машанашкахула, бакъду оцу сохьта интернетера дIайоккхуш, къа а хьийгира. Хетарехь, ца тайнера царна, цуьнан "оьздангаллех", "дикаллех", "хазаллех" хуучу "хIокху республикан" реакци. "Кавказ.Реалиин" Нохчийчуьрчу хьосташа тIечIагIдира. Ролик тIехь ерг билггал Делимханов Адаман йоI хилар. Реза хилира уьш, роликах шайна хетарг ала а.

Джабраил, фермер:

“Суна хетарехь, эхь а ду и, дош доцург а ду. Массо а буьйлуш бу царех. Шаьш нохчий ду а боху цара, амма нохчийн Iедал дац цхьанна а гор оьхуш. ТIехбуьзна и нах, кхин дIа шаьш хIун дер а ца хууш хийза. Шаьш Iовдал хилар а ца го царна, церан хьекъал ца тоъна ур-атталла шайггара дешнаш вовшахтоха а. Нах белийна цара шайх!"

Анжела, хьехархо:

"Нана яларг ду хIара, оцу ролик тIехь болчара шайн хьекъал цахилар а гайтина. Цу видео тIехь ма-аллара, боккъал а нах шайх хьега моьтту-те царна? Шаьш дешна ду аьлла, я цхьа кхиамаш баьхна аьлла, дозалла дойла ю церан? Жоп хууш ма ду - дозаллаш лело цхьа хIума дац цаьрца. Цара гойтучу оцу "исбаьхьаллин" мах бу-кх - пачхьалкхерчу бахархошкара сецийна ахчанаш, мискачу нохчийн а, Кадыровн режимна дуьхьалболчийн а мийлина цIий. И ролик – хьоладайн кураллаш лелор ду-кх!

Мохьмад, программист:

“Цхьа забаре, самукъане пароди ю и ролик. Шеца цхьана классехь дешначу зудаберашца цу тайпа ролик кечъеш яра сан хIусамнана, шайн хиллачу хьехархочунна лерина. Сюрприз яра иза, хьехархочунна хууш а дацара кечъеш юйла. Хедина а ца хууш хиллий -те? Нагахь санна, цо ша хIоттае аьллехь…Олуш ду-кх, нагахь санна, зу дашочу кIаричу ахь хааяхь, ша билггал нур-олхазар ду моьттур ду цунна а".

Сацита, социолог:

“Чекхъяллалц цуьнга хьажа ма ца елира со, бакъдерг аьлча. Роликна бухахь наха йитина комментареш гира суна, "деградаци ю хIара, оцу нахана дарба дан деза" бохуш. Халкъана гена бевлла и нах. Цхьа гротеске хета и гойтург, цхьа боккхачу бохаман гротеск. Сайна хетарг эр ду ас: Хеда, дукхаяхарг, ахь юьйцург хьуо хиллехь ша дара. Амма ахь хьайн ден цIе йоху, ткъа цуьнан цIарца Iазап лайначийн а, кхел йоцуш байинчийн а васташ хIуьтту нехан коьрташкахь".

Аннета, студент:

"Йоьлур яра со, хIара гIад дайна хIума дацахьара. "Великолепный век" кинога хьийсина зудабераш кураже девлла. Эхь дайна церан! Доллу дуьне а шайна горахIотта дезаш санна хета царна. Цкъа а валаран ойла ян а йой-те цу наха? Суна-м денна дагара ца долу яла дезар сайн. Интернетехь гина суна, кхин наха дог ца эцна церан. Хьажахь цаьрга, эхь доцу хIуманаш, Iедалан коьрте бевлла хIорш, дIало царна ялхой. ХIан-хIан, и ролик интернетера дIаяккха ца еза, мелхо а яржон еза и, уьш юьхьIаьржа а хIиттош.

Лариса, Нохчийчуьрчу урхаллан белхахо:

"Нагахь санна, нехан ахча дуй, Дала ишта нисдина-кх и. Вай муьлш ду, цаьргара бехкаш даха а, и дийцаредан а?"

Фирдавс

Кадыровн гонерчу ден йоIа киношна пароди ечу юкъанна, Кадыровн йоI Парижехь кучамийн коллекци гойтуш ю. Цул совнах, дийнна оркестр йигинера цо шеца Париже. Iайшата кхоьллинчу духаршца куьце моделаш подиум тIехула дIасалелара. Цигахь хиллачу хьешашка, гоьбевллачу моделашка, бизнесхошка журналисташа, Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьоьшуш хиларх а, ЛГБТ-н декъашхошна тIехь ницкъбой а хаьий шуна аьлла, хаьттича, цхьанна а хууш ца хиллера. "Схьагарехь, тхан дахарна а, дуьненна а дукха гена бу и нах" аьлла, жоп деллера цара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG