Американ президенто Трамп Доналда кхаарин дийнахь дIакхайкхийна Цхьаьнатоьхначу Штаташа цхьана баттана юкъахдоккхуш хилар Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхашка кеманаш лелар.
И дехкар дIадолалур ду пIерасан буьйсанан юккъех. Бахьана ду – Америкна кхерам латтош чехкачу боларца Европехь коронавирус яьржаш хилар.
Президенто Трампа ша дIахьедар динчул тIаьхьа твиттерехь билгалдаьккхира Европера сурсаташ а, кхин дерг а Цхьаьнатохначу Штаташка дар доьхкуш ца хилар.