Коронавирусан ун даржарна керла дехкарш юкъадаьхна Италехь. Цара болх бийр бу тахана, Зазадоккху-беттан 12-хь, дуьйна Зазадоккху-беттан 25-чу кхаччалц.
Iедалша дIакъовла сацам бина бараш а, ресторанаш а, туьканаш а, кхачанан сурсаташ духку туьканаш а, аптекаш а йоцург.
Цунах лаьцна дIахьедар дина Италин премьер-министро Конте Джузеппес.
Транспорт а, финансийн институташ а, заводаш а, фабрикаш а болх беш ю. Пабаша а, бараша а, ресторанаша а сурсаташ дIакхачор ду нехан цIа.
Европехь коронавирусан ун даьлла уггар дукха нах беха пачхьалкх ю Итали. Цигахь вирус лаьцна ву 12 500 эзар гергга стаг. 827 велла.