Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна сий дойу хIуманаш дуьйцуш видеорлик арахецна Дагестанера блогер Мустафаев Сеидайдин карош вац. Иза вайна Чиллан-беттан 9-хь ша вехачу Дербентера Соьлж-ГIала ваханчул тIьахьа.
Мустафаевца цхьаьна вайна цуьнан ши накъост – 62 шо долу Аскеров Хьаьким а, 30 шо долу Алиев Ниллан а.
Мустафаевн зудчо а, нанас а полице латкъам бина иза вар хьокъехь. Дагетанерчу МВД-но чIагIдо, шаьш и нах лохуш ду бохуш. Нохчийн республикехь хилларг хьокъехь комментареш еш яц.