ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

18 шо колонехь доккхур ду "Ахмат" клубан латархо вийначо


Бесланерчу кхело 18 шо колонехь даккха хан тоьхна ХIирийчуьра Хумалаг эвларчу вахархочунна Кудзиев Тимурана. Иза бехке вина 19 шо долу Москвара студент Гутоев Герман верна.

Зулам динера стохка аьхка. Маларх кхетта волу Кудзиев а, цуьнан накъостий а маьттаза багалееш хиллера нах бехачу цIеношна хьалха. Гутоевс бехк баьккхича цунах леттера иза.

Орцаллан министраллан училищехь доьшуш волу Москварчу "Ахмат" клубан латархочо Гутоевс эшийнера иза а, цуьнан накъостий а, амма Кудзиевс шозза урс тоьхна вийнера студент.

Кудзиевс иштта урс тоьхнера гIовгIа хезна араиккхинчу Гутоевн девешина Садыгов Ильгамна а.

Зулам динчул тIаьхьа къайлаваьллера куьгбехкениг. Амма шолгIачу дийнахь Кудзиев ша тIеваханера полице. Кхелехь шена бехк тIе ца лаьцна цо, Гутоев вен дагахь вацара ша аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG