ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьанна зулам дина «иеговисташа»?


Абдулаева Зайнаб


Харцо ю Дагестанехь керста динерчу «иеговистех» волу виъ вахархо лаьцна латтор, аьлла сацам бина деношкахь Пятигорскерчу кассацин кхело (Оьрсийчохь 2017-чу шарахь дихкира «Иегован Тешашна» («Свидетели Иеговы») шаьш кхеточу кепехь динан ламасташ лело). Делахь а, ца хета адвокаташна Дагестанерчу Фемидас кассацин кхеле ладугIур ду аьлла.

Бехкебечийн адвоката Первунин Максима довзийтира "Кавказ.Реалиина" хьал. Дагестанан Лакхарчу кхело, ХIинжа-ГIаларчу Советски кIоштан кхелан сацам бакъ а беш, стохка гурахь шина баттана дIаяхйина Абдуллаев Арсен, Карпова Мария, Дергалев Антон, Абдулгалимов Марат изоляторехь кхаба магош йолу хан. И тайпа сацамаш тIе а оьцуш, тахана а лецна латтош бу «иеговисташ», цо дийцарехь.

Нах изоляторера ара ца бовлийтинехь а, Пятигорскехь тIеэцна сацам «вуно мехала» бу, боху адвоката.

"И сацам пайде бу, суна хетарехь. Дин бахьанехь «Иегован Тешаш» лецна латтор низамехь доцийла гойту цо. Кхело цхьа а шалхо а йоцуш боху ишта. Ас догдоху кассацин кхелан сацам Дагестанан Лакхарчу кхело тIаламбеш тIеэцаре», - элира Первунина.

Изоляторехь шаьш кхабар харцо ю аьлла, бехкебечара дина рогIера арз толлур ду Дагестанерчу кхело деношкахь.

«Беламе ду оцу нахера даьлла бохуш дуьйцург»

Адамийн бакъонаш ларъечу «Мемориал» центро далочу терахьаша бахарехь, Оьрсийчохь карарчу ханна жоьпе ийзош ву 204 «иеговист». Цхьацца зуламаш дарна бехкебо уьш. Тоха тарло набахтехь яха итт шаре кхоччуш хенаш. Лаьцна кхобуш ву царех 24 стаг, цIера дIасавалар а доьхкуш, талламна кIел ваьхьина ву I6. Бисинчарна а къастийна цхьацца набахтица доьзна доцу таIзарш.

«Иегован Тешийн Европерчу ассоциацин» векала Сивульский Ярослава бахарехь, цхьа а логика а, нийсо а яц «иеговисташна» ечу кхелашца.

"Массарна а къастош берг цхьа бехк белахь а, цхьаберш набахтешка хьийсабо, кхиберш, гIуданаш а тухий, буьту. ЧIогIа хала ду прокурораша, кхелаша, талламчаша шаьш бечу къастамна бухадуьллург хIун ду хаа. Оцу наханна бехкедийриг беламе ду – Библи дешар, доIанаш дар. «Иеговисташ» цкъа а ца гIерта политикана юкъа, Iедале яц церан цхьа а шовкъ» - боху Сивульскийс.

ДIадаханчу кIиранах Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министра Лавров Сергейс а хьахийра «Иегован Тешаш», цара пачхьалкхера низамаш ма ларде боху нахе, аьлла.

Сеульскийс бахарехь, министра билгал ца даьккхира, муьлха низамаш ду ша дуьйцурш. «Баккха бехк ца карийча, зеделларг долчу политикаша олу ишта: «Низам талхийна». Муьлха низам? Стенна ца йоккху талхийначу низаман цIе? ХIун ду бехкедийриг дан а?» - цецвуьйлу Сивульский.

Хьалхо довзийтира "Кавказ.Реалиино" Дагестанерчу «иеговисташца» дерг. Оьрсийчоьнна а, цуьнан конституцина а дуьхьал пропаганда яржайо дагестанхошлахь, аьлла бу махкарчу кхелаша лецначарна дуьхьалбетта бехкаш.

Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело 2017-чу шарахь сацам тIеийцира, юстицин министраллин дехар кхочушдеш, низамца йогIуш яц «Иегован Тешийн Оьрсийчуьра центр», аьлла. Оцу хенахь дуьйна дIакъевлина ларало и урхалла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG