ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Оьрсийчоьнан вахархо волчуьра дIавер ву со". Путин президент висарх кавказхошна хетарг


Риман императоран вастехь Путин Владимиран хIоттийна бюст
Риман императоран вастехь Путин Владимиран хIоттийна бюст

Материалан автор "Кавказ.Реалиин" корреспондент Пейсахова Анна

Нагахь санна, Конституцин кхело сацам тIечIагIбийр белахь, ша реза ву аьлла Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира, шен президент лаьттина шераш юхадаха. Кхин а шина хеначохь, 2036-чу шаре кхаччалц пачхьалкхан урхаллехь висса бакъо лур ю цунна бинчу хийцамаша.

"Кавказ.Реалии" порталан корреспонденто хаьттира Къилбаседа Кавказан бахархошка, тIейогIучу заманчохь а, чакхе йоцуш Путина урахалла дарна реза буй уьш аьлла.

ГIебарта Балкхаройчуьра тесторатор Леонид. Дукха хан йоццуш пачхьалкхера дIавахна иза:


- Цхьа хIума ду-кх сан ала: вукху кIиранах боккъал а Оьрсийчоьнан вахархо волчуьра дIавала кечам бийр бу ас. Суна эхь хета доьлла, со оьрсийн вахархо хиларх. Оьрсийчоьнан урхалхо "туьйране" ву. Дукха хан йоццуш Чаушескун кхолламах лаьцна книга юхаешна ас, цхьа хала са а доьIуш. Хьажахьа, адамаш санна цхьанхьа дехаш адамаш ду-кх. Дукха гIентахь вахвеллачу президентан хан цхьана мIаьргонехь яцйи-кх.

Муса, бизнесхо, Кхарачойн-Чергазийчоь:

- Уггар а жимачех ю сан республика. ТIаьххьарчу хенахь дукха къамелаш хилла сан мискачу нахаца, хьехархошца, лоьрашца, шовзткъа шарал а тIехбевллачу нахаца а цхьана. Цара массара а боху: вайх доьзна хIуммаъ а дац. Нагахь санна, Iедалан курсна дуьхьал вай довлий, карти тIехь таммагIа хIоттор ду, кхузахь нах дуьхьалбевлла аьлла. ТIаккха тхо долчахь еккъа школийн а, берийн бошмийн а гIишлош хьалайийр ю, чохь кхин хIума а доцуш, еккъа каркасаш. Уьш дIаюзар меттигерчу Iедалхойн коча дуьллур ду, ткъа церан ницкъ хир бац.ТIаккха прокуратурано бехкзуламан гIуллакхаш дохур ду кIоштан администрацина дуьхьал. КIоштийн латтанаш меттигерчу а, Москварчу а элитано шайн доладерзор ду. Ишта а шайна са йоккхуш, йоллу индустри хIаллакйойтуш болчу.

Зубенко Виктор , адвокат, Ставрополь:

– Лаа дац аьлла хета суна, хIокху ловзаршкахь Путина Конституцин кхел хьахор а, цхьана кепара тайм-аут эцар а. Нагахь санна, Iедалан узурпацина нах духьалбовлахь, рейтинг лахъяларна а реакци яхь, цатешам хилар а дIахаийтахь, Путин юха а вер ву, Конституцин кхело конституцица догIуш дац и хийцамаш бар аьлла, дIа а кхайкхор ду.

ШолгIачу сценарица, Конституцин низамашна тIехбовла кийча бу уьш, Iедалехь биссархьама. Тарло Путина президентан дарж охьадилла а, амма низамаш кхоллар хуьйцур ду. Ишта мехала хир дац и дарж, цхьа Пачхьалкхан Кхеташо хила тарло (Госсовет), Путин коьртехь а волуш. Нах самабевр бу аьлла, дегайовхо ю сан.

Мохьмад, ГIалгIайчуьра адвокат:

- Олуш ма-хиллара, вада веза кхузара кхечу пачхьалкхе. Дикане догдохийла яц. Iалелай, боккъал а вайна тIехь хIара дерриг а лелош ду-кх цара!?

Кавказехь Кадыровн а, цуьнан гонан а бен а гIуллакхаш дика дац. Ткъа йиссинчу Кавказехь, йоллу пачхьалкхехь а санна, гIад дайна ситуаци ю. ГIалгIайчуьрчу уггар а доккхачу тайпано массарна а хезаш дIахьедина, Конституцехь хийцамаш барх дIахьочу референдумехь шаьш кхаьжнаш тосур бац аьлла.

Рахьман, Нохчийчуьра белхало:

- Доьхна гIуллакх ду. Нохчийчуьра хьал кхин а тIе телхар ду, нагахь санна, Путин Iедалан коьртехь виссахь. Путин мел лаьтта бен урхаллехь рицкъ дац Кадыровн а.

Къилба ХIирийчуьра прошраммист Артем:

- Оьрсийчуьра Iедал ишта а, вуьшта а хийцалур долуш ду. Бакъду, демократица хийцалур дац, иза массарна а хууш долу дуккха а хан ю. Цундела ас шек воцуш тIеийцира и хаам. Боккъал а харжамаш дIабаьхьча а, Путинан тIетовжийла хир яра.

Советан Iедалан тIаьххьарчу хенахь коммунисташ массарна а бале бевллера, уьш хийца лаам бара халкъан. ТIаьхьо шерашкахь алапа ца гора нахана. Бала хьегна тхан доьзало 1990-чу шерашкахь. Ишта Путин а чIогIа гоьваьлла, 90-чу шерашкахь хиллачу Ельцинан антипод санна. Бюджет тIехь берш а цуьнгахьа бу, урхаллаш а ю. Нахана ца лаьа арадовла. Дукха нехан хьал-бахам бовр бу. Ткъа оппозицин цхьа а хIара ю аьлла, программа яц. Бакъду, юучух дIахадахь, бепиг а дIадахь, тIаккха бунт гIаттор ю оьрсаша.

Дагестанера лор СаIид:

- Соьга цхьаболчу бахархоша олу: Путин воцург кхин мила хир ву? Полицехь болх беш волу суна вевза цхьа стаг гIадвахна, тхан алапаш тIетоьхна цо, цхьа хан яра тхуна эхашерачохь алапаш ца луш, я федералан центран а бацара тхоьца бала боху цо. Шуна алапа тIетоьхна, шайн къам гIожмаш етташ, шайна кхаьжнаш тийса арадаккхийта. Цигахь аншлаг хир ю.

Кхин дIаса а ца бовлуш, ярташкахь а, кIошташкахь а Iаш болчу нахана юкъара хьал ца гуш санна хета. Ткъа дукхахберш ма бу шайн ден а, ненан а пенсеш тIехь Iаш. Кхечу регионаша Кавказна бехкаш дохку, харц кехаташ а хIиттош, заьIапхой ду бохуш, пенсеш хIитторна. Кхин мискачу нахана дуьсуш хIуммаъ а ма дац - белхан меттигийн къоьлла ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG