Нохчийн Республикан герб хийцина нохчийн парламенто. Цунах лаьцна хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло, меттигерчу парламентан спикерна Даудов Мохьмадна тIе а тевжаш.
Карарчу Нохчийн Республикан керлачу гербехь хир ю хIара символш: нохчийн къоман бустаман хIоз, исс са болу седа, кенаш, беттаса, тIеман бIов, мехкадаьтта доккху бIов, ламанан баххьаш.