ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь белхеш баран ламаст дендан дагахь ву муфтий Межиев


Межиев Салахь-Хьаьжа
Межиев Салахь-Хьаьжа

Нохчийчохь белхеш бар юха а юкъадаккха деза аьлла, дIахьедар дина республикерчу муфтийс Межиев Салахьа-Хаьжас. Ша куьйгалла дечу динан урхаллан кхеташонехь цо и гIуллакх вовшахтохар тIедожийра кIоштийн къеданашна.

Дукха хенахь дуьйна нохчашна юкъахь хилла белхеш оьшуш бу аьлла хета Межиевна маьдигашкахь а, царна гонаха а, зиярташкахь а, гIаланашкахь а кхин йолчу адамаш дехачу меттигашкахь а цIано латто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG