ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ишта ю-кх Оьрсийчоьнан бакъ-кхиэл!". Туберкулез кхетта нохчо колонера набахте дехьавоккхуш ву


Материалан автор Муртазалиева Зараъ

Пехийн лазар даьллачу Нохчийчуьрчу вахархочун Дашаев Каиман аьтто ца хилла Иркутскан кIоштарчу колонин лоьрашкара ша цомгуш хиларх тоьшаллин кехат даккха. И хаам бина "Кавказ.Реалии" портале "Гражданское содействие" комитето. Бакъонашларъярхошна хетарехь, валаран-висаран зил тIехь ву иза.

20 а, 22 шераш долчу хенахь таIзаре хIоттийра Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело ДашаевгIеран ши ваша: Каим а, ТIахIир а. Ницкъаллийн структурийн белхахошна тIелатар дина, бакъо йоцуш герз лелийна, зуламхойн тоба вовшахтоьхна хилла аьлла, бехкебора уьш. 17 а, 15 а шераш туьйхира вежаршна набахтехь даккха. Бакъду, цхьана а вашас бехк тIе ца лецира.

2016-чу шарахь кхелхира пехийн лазарх жимахволу ваша Дашаев ТIахIир Владимирскан кIоштарчу колонехь. Воккхахволчу вешина Дашаев Каимна юха а таIзар дира Самаран кIоштан кхелахойн коллегино, набахтехь къепе йохорна. Шен йисинчу ханна кхин а 15 шо тIекхийтира цунна набахтехь даккха. 2034-чу шере кхаччалц набахтехь хан такха декхар вина иза.

Дашаевн гергарчара дийцарехь, колонехь къепе йохочу заманчохь Каим ШИЗО-хь хилла. Бунт гIаттийнарг иза хуьлийла а дац боху цара. Цуьнан тоьшалла гергарчара а, адвокато а дина ца Iаш, Братскан кIоштан прокуратурано а цхьана до. Колонин хьаькамна дуьхьало йира прокуратурано, Дашаевн режим хийцар дехнаволчу.

Делахь а, ЛИУ ИК-27 лоьмар йолчу колонин хьаькам юха а кхелахошка велира, эххар а цуьнан лаам кхочушбира суьдхоша. Карарчу шеран Дечкен-беттан 24-чу дийнахь Иркусткерчу Братскан кIоштан кхелан суьдхочо сацамбира, Дашаев колонера кхаа шарна набахте дехьаваккха.

Набахтехь даьллера Каимна а, цуьнан жимахволчу вешина а пехийн лазар. Тутмакхан адвокато Иванов Павела дIахьединера, лоьраш цуьнан могушаллех хьовсийтар доьхуш. Кхелахочо жоп доцуш дитира адвокатан дехар. Дашаевс ша кехатца дехар дина дац шайга аьлла, бахьана хIоттийнера кхелахоша. Каимах лаьцна хIиттийначу кехаташ тIехь суьдхочо чIагIдо, могушаллица цуьнан проблемаш яц аьлла. Иза тIетевжина, документ тIехь цIарца билгалваьккхина воцчу медицинан хьукматан хьаькаман хаамашна, аьлла адвокато. Ивановс бахарехь, карарчу хенахь Дашаев Братскерчу СИЗО-хь ву.

"Кавказ.Реалиица" къамел дечу бакъонашларъярхочо Титиев Аюба элира, шена хетарехь, Дашаевн ситуаци Оьрсийчуьрчу системехь дуьххьара яц. "Бух боцуш бехкаш дара шина вешина дехкинарш. Нагахь санна, и шиъ уггар луьра зуламхо хиллехь а, хенаш ма кхачийний царна. Онда, могуш кегийнах колони кхачьнера. Цхьаъ велла, шолгIаниг чолхечу хьолехь ву. Амма иза в чекхваккха гIерта уьш, лоьрийн дарба цунна ца кхачош. Оьрсийн "бакъ-кхиэл" ишта ю-кх!", - аьлла, дийцина Титиевс.

"Сан вежаршна дуьхьал айдинчу гIуллакхашкахь дуккха а цакхетамаш бара. Цара дуккха а хеттарш хIитто тарлора бакъйолчу пачхьалкхехь. Амма вай долчахь ишта ду-кх, - аьлла, тIетоьхна Дашаевн вашас. - Оха доьху, медицинан талламбар тхан вешех, ткъа тхуна дуьхьало йо цу тIехь. Инфильтративан туберкулез ю цунна кхеттарг, ткъа хIинца еххачу ханна къевлинчу набахте иза хьажон гIерта. Туберкулез йолчу стагна- деккъа валар ма ду иза".

Иркутскан кIоштан таIзар кхочушдаран федералан урхалло (ФСИН) жоп ца делира "Кавказ.Реалиина", Дашаев Каиман хьокъехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG