ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ХIунда вац со боьрша стаг?": Дагестанерчу зударийн йоцчу бакъонех


"Дагестанхойн нана Тереза" олура цунах массара а. Лаьмнашкарчу юьстахчу эвлахь дуьненчу яьлла яра Магомедова Iайшат. Ширачу Iадаташлахь ша кхиъна йоллушехь, ца хилира цуьнах муьтIахь зуда а, нана а. Медицинан лаккхара доьшийла чекхъяьккхинчу цо, шен дахар дIаделира ша санначу Дагестанерчу зударшна. Бакъо йоцчу. Божаршна хьалхара бецачу. Доьзалехь 5-10 бераш лелочу. Могушалла тесна йитарна, хенал а хьалха лечу.

"Церан а бара лаамаш" аьллачу кино чохь ша Iайшат ца го шуна. Амма ган таро ю, цо гIо дина, кIелхьарабаьхнарш.

* 1944-чу шарахь Дагестанерчу Годобери эвлахь йинера иза.
Регионехь гоьяьлла зударийн лор хилира цунах.

* 1955-чу шарахь Махачкалахь "ГIоьналлин зударшна лазартне" схьайиллира цо.

* 2005-чу шарахь дуьненан Нобелан совгIатна хьалхатеттира иза.

* 2008-чу шарахь кхелан сацамца Махачкаларчу центрера араяьккхира иза, цунна дуьхьал цхьа а гIишло ца луш.

* 2010-чу шеран ГIуран-баттахь кхелхира из, шен 66 шо а долуш.

Хьалхара дакъа. Зудчун букъ.

Дагестанерчу цхьаццайолчу лаьмнийн ярташка некъаш хIинца а дац. Чакхе йоцу исбаьхьа лаьмнийн а, хьаннийн а, аренийн а, стигланийн а пейзажаш - инстаграме хIиттон хаза суьрташ ду.

Увайсова Равзанат
Увайсова Равзанат

Увайсова Равзанат - хьехархо ю. Магомедова Iайшатан пациент хилла а ю иза. 2005-чу шарахь Нохчийчуьра едда еана иза, "Надежда" цIе йолчу мухIажирийн куьпа кхаьчнера. Кхузахь евзинера цунна "дагестанхойн Тереза".

"Тхо, 15 зуда, Iайшата ша йолчу дIайигира. Цо тIедухура тхуна, маьхза хан яьккхира оха иза йолчахь".

Равзаната дуьйцу дагестанхойн Iер-дахарх. Товш вац борша стаг беза мохь а эцна, лаьмнашка гIерташ. И зударийн гIуллакх ду.

"Иштта зударшна тIехь бисина и мохь. Кегийн зударий бу, дIахьаьжча - багахь цергаш ца хуьлу. Цуьнан ма дац 35 шо бен а".

Анохина Светлана
Анохина Светлана

Киночуьрчу цхьана зудчо, ДАПТАР порталан шеф-редакторо Анохина Светланас, хьовсархошна довзуьйту дагестанхойн ламасташ.
Светланас куьйгалла дечу хьостано дуьйцу Кавказерчу зударийн бакъонех. Йолалучу хенахь цо яздора - синбахамаллин ламастех а, халкъан корматаллех а. Амма, зударшца лелочу харцонех а, иза аьшнашъярх а, цунна тIехь ницкъбарх а ша кхеттачул тIаьхьа, тема хийцира цо, порталехь а, шен дахарехь а.

Магомедова Iайшатца шен дуьххьара хиллачу цхьанакхетарх ишта дуьйцу цо:

"Цхьана горгачу стоьлехь нисделлера тхо. Шаьш лелачу яртех дуьйцура Iайшата. Шена гучу зударех а, шайн баккъаш тIехь цара кхоьхьучу мохьах а. Царех лаьцна дуьйцучу заманчохь аз сецадора цо. МоттаргIанаш яцара уьш, билггал дог лозуш бIаьргех оьху хиш дара уьш. Iадийнера со хIетахь. Со кхийтира, зударийн тема, билггал цунна лазаме хиларх".

VHS- кассети тIера шира аудио. Цхьана лаьмнашкарчу эвлахь меттигерчу божаршца къамел тасаделла Iайшатан:

- И беза мохь зударшка хIунда текхабойту аша?
- Муха? Ишта ламаст ма ду. Борша стеган декхар ма дац иза.
- Муха юкъара дIадоккхур дара и ламаст?
- Доккхийла яц. Тхуна дайша тIаьхьалонна дитина ду иза.
- Зудчунна ницкъ ма хуьлу. Цу тIе бераш а ма до цо.
- ХIуммаъ хир дац, тхан зударий ницкъ болуш бу!

"Церан а бара лаамаш" киночуьра сурт
"Церан а бара лаамаш" киночуьра сурт

ШолгIа дакъа. Доьзалан туьха.

Лаьмнашкара туьха доккхийла. КIайчу тIулгашна юкъахь дерзинчу куьйгашца даккхий тIулгаш текхош, уьш отуш, цIандеш зударий бу. Юха лакхахьа, шайн цIа а хьо цара. Наггахь вир тIе тосу цара таьлсаш, цунна а цхьа пхьор даон ма деза. Цундела, эрна ахча дайар хета царна. ТIаккха зудччух, цуьнан куьйгех а, когех а вир хуьлу. Божарийн статусехь дац и болх бар.

Доьзалехь стеган а, зудчун а юкъаметтигех лаьцна дуьйцуш, цензуре дешнаш ца тоьа Анохина Светланина. Ширачу Iадатех тийсалуш схьадогIу Дагестанера адамаш боху цо:

"XIX-чу бIешерашкахь лело догIу хIуманаш ду тахана дукха хьолахь, даржийна а, майрчунна а, зудчунна а юкъахь дозанаш детташ, къестамаш бар а. Боршачу стагна хьалха юург ялар, иза чуваьлча-зударий хьалагIиттар. Кхана-лама вен мегара аьлла хетачу боршачу стаге хилла ларам бу иза. Ткъа тахана тIемаш севцна, божарий лахь а, кхечу бахьанашца леш бу. ХIетте а гуш ду-кх суна, хIора денна божарий пхьоьханахь лаьтташ, вовшаца эладитанаш а дуьйцуш, ткъа цу хенахь зударий дечиг латтош, хи кхоьхьуш бу. Зама хийцаелла. Амма адамашлахь дерриг а хьалха санна ду - и нийса дац".

Йол, туьха, хи - йовхачу заманчохь Iаьнна кечамаш бечу зударша латтош ду и дерриг а. Зудабераш. Къена зударий. Iуьйранна 4 сахьт даьлча хьалагIуьтту уьш. Юург кечой, тIаккха болх бан арабовлу. Буьйсанна юккхахь цIа богIу уьш, гIел а лой. ХIора денна, хIора шарахь.

Джабраилова Маликат
Джабраилова Маликат

Джабраилова Маликат - Iайшатан дуккха а шерашкахь накъост лаьттина ю. Цуьнца цхьана дарбан цIийнехь болх бина цо. Ярташкахула йорт йиттина, зударий кIелхьарбохуш.

"ХIуммаъ а атта дац дахаран хьелаш. Амма хьалха кхин а хала дара. Лаьмнашкарчу ярташкахь дарбан хIусамаш яцара, бер дечу зудчунна дан гIо а хуьлура. Вертолет тIехь вига везара дарбан цIийне а. Кхин шайн дан амал доцу зударий Iайшат йолчу богIура. Эвлашкара зударий охьабахка гIертара иза уггар а хьалха. Тхан дарбан хIусам царна курорт таръеллера. Жимма са даIа а, дегIе ницкъ баийта а аьтто хуьлура".

Гудабери эвларчу Магомедова Iайшатна бераллехь дуьйна гуш дара зударийн къахьегар. Гергарчара тIеIаткъам бешшехь, цуьнан ка елира школа чекхъяккха а, институте деша хIотта а, лаккхара Iилма карадерзон а. Зударийн лор яра иза. Цуьнан белхан накъосташа дагалоьцу: тIехьаьжна 70 шо хир долу зуда кабинет чу яьлча, цуьнан паспорт тIехь 40 шо а кхачанза хуьлура. Хала дара зударшна кхеран лазартне кхача а. 8 эзар сом мах бара церан юьртара Махачкала кхочург. Йоллу аьхка жим-жима гулдеш, некъана ахча охьадуьллуш хиллера зударша. ТIаккха, Iайшат ша тIе оьхура царна, генарчу лаьмнийн ярташка.

"Церан а бара лаамаш" киночуьра сурт
"Церан а бара лаамаш" киночуьра сурт

КхаолгIа дакъа. Ловзар.

Дагестанерчу хьакамаша а, динан дайша а цхьабосса олу: Кавказехь доьзал - юкъараллан дахаран каркас ю. Шайн дIахьедаран тоьшалла далош, гуттар а статистика хьахайо цара: доьзалш бохаран терахь - пачхьалкхехь а уггар а лахара ду олий.

Алискандиева ПатIимат
Алискандиева ПатIимат

Филман кхин цхьа турпалхо а ю: Алискандиева ПатIимат. Гуниберчу мохкбовзаран музейн директор ю иза. Цо дагалоьцу, шен хиндолчу ловзарх шена хаарх: "Цхьана дийнахь дас боху соьга:

"Ас хьо маре дIалуш ю хIокху стаге". Ас хотту: "Дада, и бохург хIун ду?. - Суна вевзаш стаг ма вац иза". "ТIаккха дера еза хьо кхуьнга яха", - жоп ло дас. "ХIара-м мел а вевзаш ву суна",- боху ас, гена гIур доцуш хIума хиларе дог а дохуш. Цхьа ши де даьллачу хенахь массо а хьаьвдда лелаш хуьлу, юург а кечъеш. "Шоьтадийнахь хьан ловзар хир ду, - боху соьга. - Ахь "хIаъ" а ца аьлла, я "хIан-хIа" а ца аьлла".

Дагестанехь олуш ду: маре йоьдучу йоIа шен амал неIарна уллорчу хьостамах дIаолла еза, ша ирс долуш хила лаахь. Оцу мIаьргонера схьа дуьйна цуьнан ирс хуьлу - майра а, бераш а, доьзал а. Кхин ирс зудчунна ган доьгIна а дац. Цуьнан боллу лаамаш хила беза - тховх догIа ца эхийтар. Цундела чIийшаш гулдар а, тхов чIагIбар а, стоьл тIехь юург хилийтар а ду цуьнан гIуллакх а, лаамаш а. ТIаккха хи дар а, туьха даккхар а оьшу цунна.

"Церан а бара лаамаш" киночуьра
"Церан а бара лаамаш" киночуьра

Уггар а хьох чекхйолуш момент ю кино чохь - Анохина Светланин а, цхьана зудчун а къамел. Ирсах лаьцна дуьйцу цушиммо. Шена-шена ирсах лаьцна хетарг.

"Артист хила лууш яра со. Кино чохь дакъа а лоцуш. Берашца цхьана. ЧIогIа лаьара суна. ТIаккха борша стаг хила а лаьара суна. Зуда а ца хуьлуш. Ас сайн дега хоьттура: "Боьрша стаг хIунда ца хилийтира ахь со?" ТIаккха чIогIа дов дора цо суна. Тхуна, зудаберашна, дерриг а дихкина ду. Цундела лаьара суна борша стаг хила. Тхуна гина хIума дац, школа-цIа. Маре яххалц вежарий тIаьхьа а бовлий, цара ларъеш лелайо хьо. Цундела лууш яра со кIант хила. Шофер хир вара со. Машен лелор яра ас. Амма сан ницкъ ца кхечира цхьа а хIума дан".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG