ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Дика лараелла шена къастийначу Iалашонца". Терешкова стенна хаьржина Путина


Крутов Марк, Маршо Радио, Оьрсийн сервис


Оьрсийчохь кху кIиранан турпалхо ю Путин Владимиран президенталла «ноль тIегIане даккха» аьлла Пачхьалкхан Думин депутат Терешкова Валентина. Конституцин хийцамашка дилла деза Путинна, иза дуьххьара хоржуш санна, президентан даржехь виса магар, элира цо Думин кхеташонехь. Оцу хийцамо таро ло 20 шарахь пачхьалкхан кхоьртехь Iачу куьйгалхочунна кхин а 16 шарахь шегара дарж дIа ца хеца, яздо Маршо Радион оьрсийн сервисо.

Адамашлахь духььара космосе яхана зуда космонавтикехьчул алсам политикехь жигара хьийзар дуккхаза а хьехийна. Пачхьалкхан коьртехь хиллачара шайл тIаьхьа йитинчу мемуарашкахь тоьшалла до, Терешкова космосе а яхийтира «шен доцу гIуллакхашна сов тIера хиларна», бохуш.

Гагарин Юрий а, Терешкова Валентина а Iаморашкахь, 1963 шо
Гагарин Юрий а, Терешкова Валентина а Iаморашкахь, 1963 шо

«Терешкова» цунах йинарг со ву"

«Космосе яхийта мегаш дара Соловьева, я Пономарева. Со тешна ву уьш Терешковал а дика оцу гIуллакхца ларор бара бохучух. Бакъду, космосе лелийта бен гуьнахь дацара оцу шиннан. Делахь а, эрна дацара ас а, Руденкос а, Терешкова хилийта хьалхара космонавт-зуда бахар. Иза хьекъал долуш а, нахана ша езийта хууш а, муьлххачу а трибуни тIехь йист хила говза а ю», - яздина космонавташ кечбеш къахьегначу авиаторо Каманин Николайс.

Дерриг а 1963-гIа шо Терешкована гергахь даьккхира Каманина, дакъалецира цуьнан кхолламехь. «Космосе зуда хьажо дагадеанарг со вара, Терешкова хаьржинарг а вара со, ас Пачхьалкхан комиссехь тIе а чIагIйира цуьнан кандидатура. ХIокху сайн тептарехь сан яздойла ду: дуьнентIехь массарел а дукха евзаш йолу зуда «Терешкова» цунах йинарг со ву. Ас цунах дозалла до – бакъо ю цуьнан массарна а езаш, лоруш хила», аьлла Каманина.

Сталин «Йоккха террор» марсаяьккхина хьийзачу 1937-чу шарахь йина Терешкова Валентина Ярослав-махкарчу Тутаев-гIалина гергарчу Йоккха Масленниково юьртахь.

7 класс яьккхича, Ярославлерчу чкъургаш ечу метте балха яхана Терешкова, цул тIаьхьа болх бина техникан кIадеш дечохь. Шен 22 шо долуш парашютан спорте лела йоьлла иза. 1962-чу шарахь космосе яхийта зуда лохуш волчу Королев Сергейн тобанерчу Каманинан тидам хилла цунах: 30 шо кхачаза, 170 см., дегIан йозалла 70 кийла ца кхоччуш хилар дара тайнарг. Амма дешна яцара Терешкова. Делахь а мехала дара иза пролетарийн доьзалера хилар. Бакъду, массо а бацара цуьнгахьа – масала, Кельдыш Мстислав, космонавтикин баьчча, Пономарева Валентина яхийтарехьа вара космосе. Мухха а делахь а, туьйлира Каманин Николай.

Космосе хьажор

«Восток-6» гIалаташ доцуш, дика хьаьвзи дуьненна гонах, Терешкова ларош ю декхарца, бохура юьхьанца Каманина. Амма тIаьхьо, космосехь ша йолчу юкъанна, Лаьттаца къамеле яла езачу Терешкована наб озийна хиллера. Лаьтта охьайоьссича а ца хаийтинера цо шена хилларг: космосехь луш болу кхача цалар.

"Ас маситтазза къамел дира Терешковаца. Кхеташ ду, иза кIадъелла, амма ца хоуьйту цо цунах дерг. Ленинградерчу космосан центрца къамеле яланза йисира иза тIаьххьарчу сеансехь. Оха камера латийра – иза наб кхетта яра. Самаяккха дийзира охьаюссуш дан дезачух лаьцна къамел дархьама. Корабль охьа муха доссо деза ца кхета ша, элира цо. Оцо гIайгIане дехира тхо – лара ца яхь, кхеташ дацара орбитера муха даккха деза корабль», - дагалоьцура Каманина.

Делахь а дика чекхъелира Терешкова. Амма реза вацара Каманин цо космосехь кхача ца биина хиларна – 60% юург юхаеанера космосера.

«ТIедахкарш Терешковас талхийна хилар ас къобал ца до, лоьрашца къамел деш цо шегара хьал къайладахьарна а вац со реза», - бохура хIетахь Каманина.

Стигалара юхакхоччушехь, дерриг а дуьнено тергоне ийцира зуда – журналисташца а, партин номенклатурица а дечу къамелашкахь иза космосехьчул гIолехьа ларийра.

Дагалоьцу Каманина шен мемуарашкахь ша «доккха адам» хилар Терешковас нахана дуьхьалдеттар а. Космосера юхаеанчу муьрехь космонавтан Николаев Андрианан вина де даздечу гоне нисъелла иза. ХIорш сакъоьруш а Iаш, хаам кхаьчна, Николаевн цхьа доттагI лаьцна милицино, маларх а кхетта машенахь воьдуш, аьлла. Николаев а, Терешкова а дахана вехна волу накъост милицин карара схьаваккха. ДIакхаьчча: «Шуна кIордийна болх бан, оха сиха дIадохуьйтур ду шу!» - бохуш, милцошна тIечийхира Терешкова, яздо Каманина.

Терешкова Валентина а, Каманин Николай а
Терешкова Валентина а, Каманин Николай а

"Дукха яцара цуьнгахь балхе шовкъ»

Шен мемуарашкахь Каманина яздо, Терешкова Валентина дозанал арахь хуьлучу цхьаьнакхетаршкахь кхечу космонавтел дика ша гайта хууш яра, бохуш. 1963-чу шарахь дитина цо хIара йоза:

"Терешкова космосехь болх беш сиха кIадъелира. Соьга дозанал арахь дуккхаза а хиттина, мила ю, муха ю иза – ткъа ас хестийна даима а. Амма суна хетарг кхин ду. Цул дика кечбина бара космосе баха Соловьева а, Пономарева а. Цара иза хенан йохалла гойтур а ду. Амма Терешковага кхочур бац наханна хьалха бистхила хаарца, халкъанна шаьш безийта хаарца. Оцу корматалло иза хьалха а яьккхира»

Каманина боххург баьхна Терешковах лаьцна Iилманчас-конструктора Черток Бориса а. «Ракеташ а, адамаш а» книги тIехь цо бахарехь. Королев Сергей реза воцуш висина Терешковас космосехь бинчу белхан хотIах.

«49-за дуьненна го баьккхича, охьайосса езаш яра «Чайка» (Терешкована тиллина белхан цIе-ред), амма иза стигала яьллачу шолгIачу дийнахь буьйлабелира центран белхахой цунна аьрзнаш дан, цо шайна хеннахь цо ло динчу хаттарна дуьхьал жоп, бохуш. Иза я кIадъеллера, я могуш яцара. Корабль лело ца хаьара шера. Королев чIогIа оьгIазъоьхура цунна».

Космосе яхана кхо шо даьлча, 1966-чу шарахь, Советан Пачхьалкхан Лакхарчу Кхеташонан депутат хилира цунах. Кхин а ши шо даьлча йира Советан мехкан зударийн Комитетан хьалханча. Оцу хенахь дуьйна даима а номенклатурехь ю Терешкова.

Диъ шо хьалха Шемарчу Оьрсийчоьнан тIеман базе Хмеймиме а кхечира иза Кобзон Иосифца цхьаьна. Цигарчу кеманийн фузеляжашна тIехь йоза а дитина цо, бомбанаш, ракеташ еттарца аьтто болийла, аьлла.

Карарчу хенахь болхбечу Пачхьалкхан Думе Терешкова кхаьчна 2011-чу шарахь. «Арахьарчу агентех – пачхьалкхах йоцчу юкъарлонех», «Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ а, кхийолу пачхьалкхаш а Оьрсийчоьнца шога хиларна дуьхьало ярах» ю цо дакъа а лоцуш, кечдинчу, тIаьхьо тIеэцначу низамийн цIерш.

Кхаарийдийнахь, кху беттан 11-чохь, Терешковас йоцца интервью елла "Комсомольская правда" газетерчу журналистана Гамов Александрна. Путина презедентан даржехь яккхина хан яцаре ян муха дагатесира цунна, «политикерчу гонаша» хьийхира, хоьтту Гамовс. ХIан-хIа, политикаша ца хьийхира, «халкъо» дийхира, боху космонавто. Терешковас шен оьмарехь диллина лелийнарг ду цо тахана халкъанна «дика болх лехар».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG