ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евробертан пачхьалкхашка кеманаш леларна доза тоьхна Оьрсийчоьно


Москва, Шереметьево аэропорт
Москва, Шереметьево аэропорт

Оьрсийчоьно доза тоьхна Евробертан пачхьалкхашка кеманаш леларна. Иза хьакхалуш дац Цхьаьнакхеттачу Европин коьртачу гIаланех. Цунах лаьцна хаам бина РИА Новости агенталло, вирусан ун даржарца къийсам латточу каде штабанна тIе а тевжаш. Цхьана ханна юкъадьаьхна и дехкарш ницкъ болуш хир ду Зазадоккху-бетан 16-хь дуьйна.

Цул сов, Оьрсийчоьнан Iедалша сацам бина кеманаш дIасалелар дехка Норвегерчу а, Швейцарерчу а гIаланашка – и пачхьалкхаш юкъахь яц Евробертана. Кхузахь кеманаш лелар юкъахдаьккхина Ослоца а, Бернца а.

Дерриг а кеманаш гIовттар а, охьаховшар а хир ду цхьана Шереметьево аэропортера. Iедалша иштта бакъо елла махкахой цIабалор Iалашонца чартеран рейсаш кхочушъян.

Дехкарш юкъадохуш ду Дерригдуьненан могушалла ларйон вовшахтохараллан директоро Гебрейес Тедроса Европа коронавирусан эпицентр хиларх лаьцна дIахьединчул тIаьхьа.

Оьрсийчохь COVID-19 олу коронавирус хьакхаелла ву 45 стаг. Нохчийчохь карантинехь ву кху деношкахь Италера а, Къилба Корейра а цIавирзина 7 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG