ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шина тайпанан нехан дов даьлла стаг вийна ГIалгIайчохь


Бохам хилла ГIалгIайчуьрчу Экажево эвлахь селхана, Зазадоккху-беттан 13-хь, сарахь. Герзаш а детташ, дов къасто гIоьртина шина тайпанан нах.

Цу тасадаларехь цхьа стаг вийна, хаам бо Кавказ.Реалиино, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан ГIалгIайчуьрчу урхаллана тIе а тевжаш.

Оцу хаамца а догIуш, кхин цхьа стаг девнехь дакъалаьцначу наха дIавигина шайца. Уьш хилла "Лада Гранта" а, Hyundai Solaris а машенашкахь. Лазийна ву леттарш дIасакъасто веана хилла 2 полисхо. И шиъ дIакхачийна госпитале. Цу шиннах цхьаъ чов хилла ву когана.

"Интерфакс-Юг" агенталло бинчу хаамца, ницкъаллин структурийн белхахоша лаьцна къепедацарехь дакъалаьцна 4 стаг. Уьш лебеш бу талламхоша.

Девнан бахьана хила мега дукхахенара къовсам, хаам бо ТАСС агенталло, меттигерчу полицера хьастанна тIе а тевжаш. Стаг а вуьйш, хилларг бахьана долуш талла долийна бехктакхаман гIуллакх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG