ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Конституцехь хийцамаш барх лаьцначу низамна тIе куьг таIийна Путина


Путин Владимир а, Терешкова Валентина а
Путин Владимир а, Терешкова Валентина а

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира тIе куьг таIийна Конституцехь хийцамаш барх лаьцначу низамна. Документ зорбане даьккхина низамийн информацин порталехь.

ХIинца иза талла дезаш ю Конституцин кхел. Цул тIаьхьа хийцамаш махкарчу бахархойн кхоже бохкур бу.

Конституцина тIехь бинчу хийцамашца хуьйцуш ю махкарчу Iедалан декъийн баланс, бакъо луш ю Конституцин кхелан суьдхой балхара дIабаха, Путинна а, Медведевна а бакъо луш ю юха а шозза президентан харжамашкахь дакъалаца, нагахь цара толам баккхахь.

Низаман проект тIеийцира Пачхьалкхан Думо, цхьа а депутат дуьхьал а воцуш, ткъа Федерацин Кхетаошоно кхаж тосуш цунна дуьхьал вара цхьа стаг. ТIаьхьо иза къабалдира регионерчу парламенташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG