Iедалан белхахоша кху беттан 13-хь нуьцкъала "Ахамат" а, "Динамо" а клубаш ловзуш футболе хьажа бигина Соьлж-ГIалара бахархой, коронавирус бахьана долуш дуккха а адамаша дакъалоцучу мероприятешка ма гIо бохуш хьехарш долуш. Цунах лаьцна "Кавказский узелна" дийцина ГIаларчу бюджетан организацийн белхахоша а, студенташа а, хаам бо Кавказ.Реалиино.
Оцу юкъана Нохчийчуьра 7 стаг ву Соьлж-ГIалахь дарбанан цIийнехь коронавирус хьакхаелла хила мега аьлла шеко йолуш охьавиллина.