ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирусах кхеравеллачун сатедина Кадыровс, "собар дехьа, хьо иштта а лийр волуш ву" аьлла - «Би-би-си»


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцина коронавирусах кхерабелла боьхначерах лаьцна. Iедалан декъашхошна хьалха цо дина къамел даладо «Би-би-си» зорбан гIирсо.

"Кхоьруш бу иза (вирус) йогIур ю, ткъа шаьш лийр ду бохуш. Собар дехьа, хьо иштта а лийр волуш ву", - сатедина нехан Кадыровс. Нохчийчоьнан куьйгалхочо билгалдаьккхина, гриппах эзарнаш адамаш леш хилар, амма нагахь адаман могушалла дика ялахь, иза хьалхавер ву цамгарх аьлла.

"И могушалла йоцучаьрга иза такхалур яц", - тIетуьйхира Кадыровс, моз а тохий, лимонца хи мела иммунитет чIагIян аьлла, хьехар а деш.

"Саьрамсекх баа, цIий цIена хир ду", - бохуш вара Нохчийчоьнан куьйгалхо.

Хьалхо коронавирусах ларбала Кадырвс хьехарш диара Оьрсийчуьрчу бахархошна. Цо кхайкхам бира кхечу пачхьалкхашка даха ца оьшу, дуккха а адамаша дакъалоцучу мероприятешка ма гIо, йита дуккха а адамаш гуллуш йолу меттигаш, аьлла. Цул сов, Кадыровс дагадаийтира бусалба нахана дийнахь 5 ламаз дан дезаш хилар.

Карарчу хенахь коронавирус хьакхаелла ву Оьрсийчохь 59 стаг. Верриг а дуьненчохь и ун даьлла ву 147 000 стаг, 5 500 гергга стаг велла, 71 000 стаг товелла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG