ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трампа анализаш дIаелла. Коронавирус ца карийна


Трамп Доналд
Трамп Доналд

Американ президента Трамп Доналда анализаш дIаеллачул тIаьхьа гучудаьлла цунна коронавирус кхетта цахилар. Цунах лаьцна хаам бина Трампан лоьро Конли Шона.

"Селхана сарахь президентца COVID-19 тест яр хьокъехь ас дерриг а дийцинчул тIаьхьа, цо сацам бира иза ян. Тахана Iуьйранна соьга хаам бина, тесто дацаре жамI гайтина аьлла", - дуьйцуш ду лоьро динчу дIахьедарехь.

Трампа сацам бира коронавирус хьокъехь анализаш дIаяла, Флорида штатехь Бразилин президентца Болсонару Жаирца шен цхьаьнакхетар хиллачул тIаьхьа.

Хьалхо зорбан гIирсаша хаам бира, Бразилин делегацина юкъарчу лаххара 5 декъашхочун коронавирус кхетта аьлла. Президент Болсонару царна юкъахь вац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG