ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

100 гергга стаг велла коронавирусах Испанехь дийнахь-буса, ун кхетта кхин а 2 эзар вахархочунна


Испанехь 100 гергга вахархо велла COVID-19 уьнах дийнахь-буса, хаамбо официало. Махкарчу могашаллин министралло далочу терахьашца, тIаьххьарчу цхьана дийнахь коронавирус кхетта 2000 гергга стагна.

Верриг а уьнах велларг ву Испанехь 300 стаг, инфекци лаьцна 7,7 эзар вахархочо. Оцу нехан декъахь ю Испанин премьер-министран Санчес Педрон зуда а, мехкан ши министр а.

Европерчу пачхьалкхашлахь Италел тIаьхьа шолгIаниг ю Испани коронавирусах нах дукха белла. Евробертан дукхахболчу мехкашкахь карантин ю кхаIйкхийна: нахана цабевлла бен ца магадо хIумасашкара арабовла, амма маьрша бу уьш кхача, молханаш эца туьканашка, аптекашка баха, къевлина ю ресторанаш, нах алссам гуллуш йолу меттигаш. Цхьайолчу пачхьакхаша дуьззина дIакъевлина шайн дозанаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG