ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Аджарехь а гучуяьлла коронавирус


Батумехь коронавирус кхетта адам хааделла дуьххьара. Оцу хьокъехь кIирандийнахь брифингехь дIахьедина Аджарин премьер-министра Рижвадзе Торника, боху «Керланаш-Гуьржийчоь» агенталло.

Гуьржийчохь карарчу ханна ун кхетта ву 33 вахархо. ТIаьххьарчу дийнахь-буса коронавирус лаьцна кхаамма. Масала, Батумерчу инфекцин дарбан цIийне йиллина зуда диъ де хьалха схьаеана Италера, ун зуьйш, аэропортера дIакхачийна хилла иза лоьрашна тIе.

"Тахана Аджарехь дуьххьара гучуяьлла вирус. Тхан лоьраш дерриг а деш хьийза, ун даржанза ду. Оха болх бо иза махкахула ца даржийта. Доьху бахархошка, цабохар. Лоьраш а, Iедал а сема ду, эшначохь дIахIитта», - аьлла къамелдина Аджарин телегойтийлехула Рижвадзес.

  • Таханенна Гуьржийчохь, коронавирус кхетта хиларх шеко йолуш, лоьраша Iуьналлехь кхобу 73 стаг, карантине хьажийна ву 427 вахархо (карантине дукха хьолехь хьийсабо ун алссам даьржинчу мехкашкара баьхкина хьеший – китайхой, корейхой, гIажарой, италхой, францой, германхой, австрихой, испанхой, швейцархой, норвегаш, данихой).
  • Гуьржийчоьно дозанаш дихкина Эрмалойчоьнца, Азербайджанца, Оьрсийчоьнца, Туркойчоьнца. Амма кир дехьа-сехьа лоьлуьйтуш бу. Кеманаш ца лела цкъачунна ГIажарийчу, Китай, Итале.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG