ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Хьалххе Iамо безаш хиллера уьш". Дагестанехь коронавирус тIеэцарх


Кема лардеш бу Iаморашкахь дакъалоцурш
Кема лардеш бу Iаморашкахь дакъалоцурш

Артикл язйинарг "Кавказ.Реалиин" корреспондент Магомедова Ася

Кху деношкахь Махачкалахь Iамораш дIадаьхьна, коронавирус ца яржийта профилактика еш. 200 гергга стаг вара цу юкъа озийна - лоьраш, полисхой, Роспотребнадзоран а, аэропортан а белхахой а, лоьрийн лакхарчу доьшийлера студенташ а.

ХIоттийначу суьртаца, цхьа шеконе пассажир чохь кема догIу Москвара. Дукха хан йоццуш Италера юхайирзинчу цхьана зудчунна вон хуьлу. Журналисташ ца кхуьу, шеко кхоллаелла зуда нахах ядийна, дIаюьгуш терго ян. Кхерамечу рейсца баьхкина биссина пассажираш а микроавтобус тIехь дIабуьгу карантинна охьабахка. Аэропортна гена йоццучу садоIийлан базехь лоьраш бара цаьрга хьоьжуш Iаш. Оцу кеманахь веанчу хIора пассажиран цIе дIа а язъеш, церан дегIан температура юста езаш бара уьш.

"Кавказ.Реаллин" корреспонденте мохь туьйхира Орцан министраллан белхахочо: "Хьажахьа, йоI, кадр юкъара дIаялахь, тхан Iамораш ду дIадоьлхуш, ткъа хьо туьтмIаьжиг йоьллина а яц" аьлла.

Оццу хенахь кемана герга машен йогIу Iаморашкахь дакъалоцу кхинберш балош. Инфекцех Iалашвен духар а доьхна, куьйгах каранаш доьхкина, туьтмIаьжгашца ши зуда кеман лами тIе а кхачале соцу.
Дагестанан инфекцийн лазарийн лор-эпидемиолог йолчу Атаева Бажус бехкбаьккхира шина зудчуьнгара, церан духарш ца тайна. "Хьажаш хьулдина дац, месаш гуш ю",- аьлла, дIахьедира цо. "Хьалххе Iамон безаш хиллера", - аьлла, резавоцуш вистхилира уллохь лаьтта боьрша стаг. Шина зудчуьнца суьрташ даха а кхиира цхьаъ.

Церан карахь можа пластикан канистраш ю пульверизаторшца.
"Ораматаш Iалашдархьама, царна хи детта лерина ю" аьлла, йоза дара царна тIехь.

Изоляцехь латтийна къона, еха месаш йолу зуда лоьраша лаца а лаьцна, арайоккху. Дехьарчу Каспийскерчу дарбан цIийне кхачо дагахь, катоьхна машенчу а хаийна дIаюьгу "цомгушъерг".

Коронавирусна профилактика еш Iамораш
Коронавирусна профилактика еш Iамораш

Можа канистрийн рагI кхочу. Уьш карахь кеманчу бевллачу зударша дезинфекци йо салон чохь. Цхьа хан яьллачу заманчохь трап тIехула охьабуьсу уьш пластикан галешца. Кеманчуьрчу гIенташ тIе тийсина гатанаш хиллера цу чохь арадаьхнарш.

"Автоклаве дIахьош ду оха хIорш дезинфекци ян. ТIаьхьо гатанаш цIано а йина, юхадохьур ду оха",- аьлла, кхетий цхьана зудчо.

Коронавирус ю аьлла, шеконаш хилла зуда Каспийскерчу Юккъерчу гIалин лазартне ялайо. Шлагбаумца къевлина ду кевнаш. ХIинццалц масех хадархо хуьлура цигахь лаьтташ, ткъа Iамораш доьлхучу дийнахь полисхо а цхьана вара цаьрца гIаролехь.

Дарбан хIусаман кертара машен арайолу. Урхалла дечо хоьтту, хIун хилла, стенна бу урамехь оццул дукха лоьраш а, полисхой а олий.
"Коронавирус кхетта зуда ялийна",- жоп ло полисхочо.

"Вабабай" - олий, шен кор дIакъовлу шоферо.

Хьаькамаша бахарехь, цу кепара Iамораш кхин дIа а саццонза дIахьур долуш ду.

"COVID-19 вирусан кхерам дIабаьллачул тIаьхьа бен болх сацор болуш бац", - аьлла, тIаьхьо кхеташонехь а дIакхайкхийра регионерчу могушаллин министро Гаджиибрагимов Джамалудина.

Официалан статистикаца, карарчу беттан 14-чохь коронавирусан ун даьлла цхьа а меттиг бац Дагестанехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG