Кху беттан 13-чу дийнахь Нохчийчуьрчу СемаьIашканна гергахь Байдулаев Шамхан лачкъийна бевзаш боцчу наха. Оцу хьокъехь информаци яьржина социалан машанашкахь.
Байдулаевн вашас дийцарехь, Германехь виллина ваха бакъо йолуш ву вайнарг. Лачкъочу дийнахь иза араваьлла хилла Германе юхаваха. СемаьIашканна уллехь сацийна иза чохь хилла машен. Ша вовзийтинчул тIаьхьа, машенчуьра аравала аьлла цуьнга, цул тIаьхьа дIавигина. Ткъа хууш яц иза вигина меттиг а, вигинарш муьлш бу а.
Вайначун воккхахволчу вашас аудио яржийна, Нохчийчуьрчу куьйгалхошка шайн стаг лохуш гIодар доьхуш.