ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кехат тIехь цIераш яцахь а, нах хьийзор бу Iедалхоша"


Материалан автор ю Пейсахова Анна

Масех гIалгIайн даккхийчу тайпанаша дуьхьало йина Оьрсийчоьнан Конституци тIехь хийцамаш барна а, президентан Путин Владимиран хан юхаяккхарна а. Диллинчу кехат тIехь ГагиевгIеран цIийнан Кхеташоно дIахьедина, Оьрсийчоьнан куьйгакIел шаьш долчу кху еххачу заманчохь шаьш цкъа а пачхьалкхна ямартдевлла дац, ткъа оьрсийн Iедалхоша масийттазза гIалгIайн къоман бакъонаш а, интересаш а хьешна аьлла.

БековгIеран цIийнах болчу наха яздина кехат
БековгIеран цIийнах болчу наха яздина кехат

"Тхуна дагахь ду къемат 1944-чу шарахь, тхан жима а, воккха а Юккъерчу Ази а, Казахстане а бертаза дIавигар. Тахана а лазаме ду 1992-чу шеран гурахь Пригородный олучу кIоштара иттаннашкахь эзар гIалгIай лахкар, тхан кIошт Къилба-ХIирийчоьнна дIаялар, "Репрессеш йинчу къаьмнашна реабилитаци ярх" низам доллушехь, хIинца а юхаерзийна цахилар а", - яздо ГагиевгIара.

Изза чулацам болуш БековгIара а, ОздоевгIара а яздина кехаташ а, хIораннан цIерашца куьйгъяздина дац. БековгIеран тайпан векало бахарехь, Iедалхой тIаьхьабовла тарло аьлла хеташ, цIераш къайлаяьхьна цара.

"Ишта битина оха кхайкхам, нехан яххьаш гучу ца яха а, царна бохам ца хилийта а. Экстремизмна дуьхьало латточу Центран (ЦПЭ) белхахой богIий, баккхийнаш тIекхуьйкхуш, хьовзамаш боху. Цундела цхьа кхин некъаш леха деза оха, тхешан позици йовзуьйтучу заманчохь. Кавказан регионаша а, йоллу Оьрсийчоьно а цу фарсехь дакъалоцур дац аьлла, сатуьйсуш бу гIалгIай. Оха яздинчу кехаташ тIехь цIераш яцахь а, ЦПЭ-н белхахоша нах тIекхуьйкхур бу аьлла, шеконаш ю тхан",- дийцина "Кавказ.Реалиица" хиллачу къамелехь БековгIеран тайпан векало. (Цуьнан цIе редакцино хьулйина, кхерамзалла Iалашъярхьама-ред.).

Цхьа могIа тукхамийн позици йовзийтина гIалгIайн къоман тайпанийн Кхеташонан куьйгалхочун декхарш кхочушдечу Даскиев Мурада.

"Тхан республикехь Iедалан шен къомаца диалог хуьлуш яц. Оцу бахархойн дахаран цаторийлех долу хеттарш дийцаредечу хенахь а, цаьрга хоьттуш хIума дац. Политикан бух тIехь лоьцуш бу жигархой. Иштта тIеIаткъамбо юкъараллана. Оцу бахьанашца ГIалгIайчоьнан къомана ца лаьа, Конституци тIехь хийцамаш барца ерриг а Оьрсийчохь кхайкхийначу референдумехь дакъалаца", - аьлла Даскиевс шен кхайкхамехь.

Шайн дIахьедарна дIоггара реакци хир ю аьлла ца хетахь а, Конституци тIехь хийцамаш барх шайна хетарш довзийта лаьа аьлла ОздоевгIеран цIийнах волчу цхьаммо "Кавказ.Реалии" портале.

"Тхуна тIаьхьахIуьттур бацара-те кхинберш а. ГIалгIайчуьрчу юкъаралхоша даим бохуш, дуьйцуш, яздеш ду, амма тхо хезаш стаг а вац. Республикехь бехачу нахана юкъахь хезаш ду резадацарш. Нислойла тхо ловзаргахь, я тезетахь, вовшашлахь дуьйцуш Iа тхо, хIун дийр дара-те бохуш. Оха мохь бетта, низам а, конституци а ларъе бохуш. Тхан жигархой набахтешкахь бахкош бу. Уггар а ГIалгIайчоьнна лазаме тIара тохар ду - жима зуда Саутиева Зарифа чуйоллар. Цо ма дац цхьа а вониг дина", - аьлла, дерзийна шен къамел Даскиевс.

Карладоккху, Конституцин кхело хийцамаш барх чукхачийна текст зуьйр йолуш ю. Цул тIаьхьа, карабогIучу беттан 22-чохь ерриг а Оьрсийчоьнан кхоже бохур бу бан лерина хийцамаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG