ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказ юха а хьалхаяьлла бан белхаш бацарца


Уггаре лахара ю белхазалла кху тIаьххьарчу кхаа баттахь Москвахь а, Санкт-Петербургехь а, ткъа уггаре йоккха белхан къолла лаьтта Къаилбаседа Кавказехь, хаамбо РИА "Новости" агенталло.

Масссанхьачул хала ду болх карон ГIалгIайчохь, Къилбаседа ХIирийчохь, Дагестанехь, Нохчийчохь – белхазалла 10 процентал а лакхара ю оцу мехкашкахь:

ГIалгIайчоь - 26,3%,

Къилбаседа ХIирийчоь - 13,6%,

Нохчийчоь - 13,5%,

Дагестан - 13,5%,

Кхарачой-Чергазийчоь -11,4%,

ГIебарта-Балкхаройчоь -11,2%.

Аутсайдерш, яхначу хенашца дуьстича хийцабелла бацахь а, кIеззиг лахъелла белхазалла Кхарачой-Чергазийчохь, ГIебарта-Балкхаройчохь, Дагестанехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG