Кху беттан 21-чу дийнахь ХIинжа-ГIалара Джидде ХIаьжцIа боьлху нах эцна даха дезачу кеман рейс юкъахъяьккхина, хаамбо «Дагестанан къона чкъор» («Молодежь Дагестана») газето.
Рейс сацийна коронавирус яржарна болчу кхерамца доьзна.
"Пассажирийн бакъо ю шайн ахча юхаэца я тIаьхьо ХьаьжцIа баха», - аьлла "Марва-тур" компанин инарла директора Курбанов Булата.
"Цкъачунна ХьажцIа лелар доьхку аьлла дац цхьаммо а», - боху Курбановс.
ХIинца Дагестанера Джидде лелачу кеман юкъахъяьккхина рейс шолгIаниг ю, иштта бухасацийра кхин цхьа рейс кIира хьалха.