ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирусна дуьхьал кхоьллина молха зуьйш ю Цхьаьнатоьхна Штаташ


Тахана клиникан хьелашкахь зен долийна Американ Цхьаьтоьхначу Штаташкарчу лоьраша яьржина лелачу коронавирусна дуьхьал шайн пачхьалкхехь кхоьллина молха. Iедалан векалан хаамна тIе а тевжаш, ишта информаци яржийна «Американ Аз» радионо.

Халкъан могашаллин министраллерчу институташа ахча делла зераш дIадахьа, и болх болор бу Сиэтлерчу Kaiser Permanente Washington Health Research Institute центрехь, аьлла хьостано.

Шайн лаамца молха зоьйтуш ву шайна тIехь 18 шарера 55 шаре кхаьчна волу, ун хьакхаделла а а воцу 45 стаг. Царна тIехь зуьйр ду могашаллин министраллерчу институташа а, Moderna компанино а кхоьллина молха. Молханца вирус яц, цундела бац оцу наханна ун кхета кхерам. Iилманчийн Iалашо ю молха цхьана а кепара зуламе дацар къасто, цул тIаьхьа цунах шуьйрра пайдаэца йиш хир ю.

ТIебогIучу баттахь зен долор ду Америкерчу Канзас-Ситерчу зерийн центро а, Пенсильванерчу Университето а, Inovio Pharmaceuticals компанино а кхоьллина кхин цхьа молха а. И молха шайна тIехь зен а хилла реза иттаннаш бахархой.

Вуно дукха дарбан-таламийн организацеш ю дуьнентIехь коронавирусна дуьхьал молха лохуш. Хьалхо Дуьненаюкъарчу могашаллин организацино дIахьедира, лаххара а 1,5 шо оьшур ду керла ун къардеш дарба карон, аьлла. Амма Китайрчу Оьрсийчоьнан векало даржийра, коронавирусна дуьхьал вакцина карийна, амма иза талла езаш ю, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG