ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьржийчоьно арахьарчу наханна дIакъовлуш ду шен доза


UKRAINE – Georgian servicemen at a ceremony to start the Rapid Trident 2019 multinational military exercise at Yavoriv range. Lviv region, September 16, 2019

Шина кIиранна пачхаьлкхан дерриг а дозанаш дIакъовла сацамбина Гуьржийчоьно. Зазадоккху-беттан 18-чохь, 00:00 хан йолуш юкъаболу и сацам. Оцу хьокъехь дIахьедина министрийн кабинетан куьйгалхочун пресс-спикеро Чиковани Ираклийс.

Iедало шен кхеташонехь сацамбина махкара гIо-салазийн курорташ а дIакъовла. Иза дозу Чехера а, Словакера а баьхкинчу спортхошна Гудаури гIалахь коронавирус кхетарца.

Кафешна а, ресторанашна а болх сацор, ткъа 70 шарал сов хан йолчу бахархошна нах гуллучу меттигашка цабийлар хьоьху Гуьржийчуьрчу Iедало.

XS
SM
MD
LG