Москварчу биржехь де делкъенга даьлча бистина долларан мах кхин а 3 процент, кхаьчна 75 соьмал лакхарчу тIегIане. Еврон мах бу 84 сом.
Мехкадаьттан мехаца цхьаьна лахлуш ю соьман курс. Дийнахь 12 долуш Лондонехь Brent-мехкдаьттан мах бара 7 % лахабелла, баррелах лора $31,36. Кхин а лахбелира и мах делкъалтIаьхьа, герга бу 30 долларна – рекорд ю иза кху 4 шера чохь.
ДIадаханчу оршоьтадийнахь цIеххьана 30 процентна буьйжира мехкдаьттан мах, 1991-чу шарахь хиллачу бараме а кхочуш, яздо Forbes-о.
Мехкдаьттан мах охьабаьлла коронавирусо пандеми кхайкхаяйтар а, Оьрсийчоьнанний, СаIудийн Iаьрбийчоьнанний ягориг яккхарх долу дийцарш барт боцуш дерзар а бахьанехь.